Оьрсийчоьнан-Туркойчоьнан хан декъера ши эскархо-гIалгIа лазийна Шемарчу Идлибехь. ТIеман полисхой бу уьш. "Главком РИ" телеграм-канало видео яржийна цунах лаьцна. Эрих олучу меттехула, М4 некъа тIехула чекхдолуш, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а эскархойх лаьтта ха тIенисделла лаьттах йоьллинчу оьккху коьчална. Лазийначаралахь ву Оьрсийчуьра кхо салти а, туркойн эскарера масссех а, хаам бина SITE портало. Ши бутт хьалха Шемарчу бахархоша тIе тIулгаш диттира шайн меттигашкахула чекхйолучу Оьрсийчоьнан-Туркойчоьнан... Читать дальше...
Бакъоларъярхо Эстемирова ер теллина дац зулам дина 11 шо даьлча а; Пандеми Къилбаседа Кавказехь: дийнахь-буса велла 8 стаг, уьн даьлла кхин а 302-нна; видео яржийначу кхарачочунна ши шо хан тоьхна набахтехь яккха
11 шо дуьзина бакъоларъярхо Эстемирова Наташа, Нохчийчохь яда а йина, ГIалгIайчохь йийна. Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъехь цо бен болх ца тайначу наха дира и зулам 2009-чу шеран Товбеца-беттан 15-чу дийнахь. Оьрсийчуьра тIамца даьхкинчу эскаршкара а, тIемаш бирзича, бухарчу хьаькамаша а шен махкахошна ден зенаш Iорадохуш Эстемирова хьийзарна, цуьнца даима девнехь хуьлура Нохчийчоьнах Москвана хьалха жоп луш болу Iедалхой. Иза ер массех версица туьдура талламчаша, амма чекхдаккхаза дисина иза йийча айдина бехктакхаман гIуллакх. Читать дальше...
Полисхойх лечкъаш ву ГIалгIайчуьра вахархо, бутафорин герз духкучу туьканийн долахо Ведзижев Юнус. Бакъо йоцуш герз а деш, и духкуш ву аьлла, цунах шеконаш кхоллаелла. Ведзижевн гергарчара чIагIдо, цуьнан цIийнах хьовсучу заманчохь иза лазийнера, тIаьхьа тIемло ву аьлла. дIа а кхайкхийра аьлла. Ведзижевн хIусамнанас Хорава Мариама Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дIахьедина, ГIалгIайчуьрчу экстремизмана дуьхьало латточу Центро Iаткъам барх а, доьзална кхерамаш тийсарх а. - ХIусамах хьовса баьхкинчу заманчохь... Читать дальше...
Москвара хилла реелтер Кротов Павел хила мегаш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан бизнесан да ву аьлла цIарна дIаязвина долахо, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Лаххара а шозза тIекхача бакъо елла хилла цунна бIаьннаш миллионашкахь доллар ахчанна, Нохчийн Республикерчу элитан декъашхойн лаам кхочуш беш. Бизнесан дакъа шайн дола даккхарна дуьхьал регионан куьйгалло гIо деш хилла конфликтан хьелаш луьстуш, ткъа иштта аьтто беш хилла шена Путин Владимирна тIекхача. Цу тайпа чагIдарш ду "Проект" зорбан гIирсо бинчу талламехь. Читать дальше...
Къилба тIеман гонан кхело (Ростов) Товбеца-беттан 14-чу дийнахь бинчу сацамца, ши шо тохкур набахтехь Кхарачой-Чергазийчуьрчу 31 шо долчу Узденов Аскера. Талламо бахарехь, ши шо хьалха цо социалан машанерчу шен агIоне хIоттийна хилла "терроризм бехказйоккху" видео. Кхелехь Узденовс бехк буьззина тIеэцна шена, набахтин юкъарчу хьелашкахь такха ши шо кхайкхийна цунна. Ткъа бехктакхаман кодексо терроризм бакъйинчунна тухучу хенан доза ду 7 шаре кхаччалц. Хьалхо Ростоврчу кхело набахтехь даккха... Читать дальше...
Эстемирова Наталья йийна 11 шо даьллехь а, бирзина а бац таллам. Бехкениг мила ву а дац къастийна хIинца а. Схьахетарехь, гергарчу хенахь, кхолладеллачу хьолехь, иза къаьстар ду ала а дац.
Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 8 стаг, цомгуш хилла 302, боху уьнна дуьхьалоечу Оьрсийчоьнан оперативан штабан терахьаша. Ставропол-махкахь велла кхо вахархо, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь – шишша, Краснодар-махкахь – цхьаъ. Коронавирус яьржичхьана верриг а велларг ву Къилбаседа Кавказехь, официалан хаамашца, 887 стаг. Дийнахь-буса уггаре дукха нах цомгуш хилла коронавирусах Ставропол-махкахь – 91 стаг. Ставропол-мохк +91 (6394 юьхьанца дуьйна) Краснодар-мохк + 65 (6912)... Читать дальше...
Гуьржийчуьрчу таррашца летачу тобан лидеро, шозза Европан совгIатхо яьллачу, БуьритIерачу Гучмазова Майас дийцина Кавказ.Реалиига ша дехьаяларан бахьанех а, хейтерша хьийзош хиларх а. Коронавирусна юккъехула спорт - Спортхошна пандемино гIело йира. Муха ларйо ахьа хьайн кеп? - ХIора денна тренировкаш йо ас. Боксе а йирзина со, кIиранчохь кхоазза Iамораш хуьлу сан. Сайн ойла яр а, тактика а бен-берса хилийтархьама долийна ас и. Цу тIе, цхьатерра дIахIоттар а, когаш лелор а ду тхан цу спортан шина агIонехь. Читать дальше...
ДIадахначу кIиранах Туркойчоьно маьждиган статусе яьккхинчу Айа-София хIусамехь ламазаш дечу муьрехь шаршушца а, шатайпа серлонца а дIахьулдеш хир ду цунна чуьра керстанан динан мозаикаш а, суьрташ а, кхидолу васташ а.
Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а дозанерчу Товуз кIоштахь тIом лаьтта, - хаам баржийра Товбеца-беттан 14-чу дийнахь Азербайджанан тIеман министран пресс-векала Дяргахлы Вагифа. Цуьнгара йолчу информацица, Азербайджанан эскархойх кхаа дийнахь вийна 11 эпсар а, салти а. "МостагI, даккхий дараш а ловш, юхаваьлла. Халахеташ делахь а, тхан эскарна а хилла доккха зен, лазийнарш а бу ", – дIахьедина Дяргахлыс бриффингехь. Азербайджанан тIеман министран гIовса Велиев Керима бинчу хаамца, кхелхина Азербайджанан... Читать дальше...