Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 08.06.2018

Radiomarsho.com 

Да-нана а дуьйш, бохам хилла Францера Нохчийчу боьдучу доьзална

Францера Нохчийчу боьдучу нохчийн доьзалера ши адам а дуьйш, некъахьовзам хилла Оьрсийчуьрчу Сомоленскана гергахь. Кавказ.Реаллино дийцарехь, бохам хилла Мангалан-беттан 7-чохь буьйсанна. Францехь вехаш волу Джунтаев Расул а, цуьнан хIусамнана а, цу шинан кхо бер а хилла Страсбургера Соьлж-ГIала доьдуш.  Цхьана маьIаргонна уьш чохь болу "Мерседес" микроавтобус, некъах а яьлла, тIекхетта некъана йистехь лаьтташ йолчу асфальт буьллучу машенна.  Джунтаев а, цуьнан хIусамнана циггехь делла. Цу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхаа денна леринчу визитца Китай вахана Путин

Кхаа денна лиринчу визитца Китай вахана Путин Владимир. Кху тIаьхьарчу цхьана шарахь иза кхоалгIа визит ю цуьнан Китай. Малхбузено шех дIахадийначул тIаьхьа цу пачхьалкхаца юххера юкъаметтигаш дIанисъян гIерташ ю Оьрсийчоь. Оьрсийчоьнан президент цхьаьнакхетта Си Цзиньпинца а, кхин болчу а Китайн куьйгалхошца. Си Цзиньпинца цхьаьна Путин хахкавелира сихаллин цIерпоштана тIехь. Си Цзиньпина Оьрсийчоьнан куьйгалхочунна елира Китайн Халкъан Республикан ДоттагIаллин орден, хаам бина Кремлан зорбанан сервисо.

Radiomarsho.com 

Нохчийн йоI йийнарг психика галъяьлла ца карийна Австрерчу лоьрашна

Австрехь толлуш ду 7 шо долу нохчийн йоI Хадишт кIиза ер. Бехкениг ву 16 шо долу кхиазхо Роберт. ЧIирхоша верна кхоьруш карарчу хенахь иза къайлахчу меттигехь латтош ву меттигерчу полицино. Адам дерна бехке веш волу кхиазхо коьртаца муха ву къастош бу лоьраш. Цкъачунна цуьнан могушалла теллинчу шина экспертана цхьана а цамгаран лар ца карийна цуьнгахь.  ХIинцале а къастийна Роберт шизофреник ца хилар а, цунна цхьа а аьзнаш хезаш ца хилар а. Гуш ду цуьнан вуно чIогIа адамашка цабезам хилар, яздо Австрерчу Oe24 зорбанан гIирсо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

60 гергга имам шайн махкара араваккха дагахь ю Австри

Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кикл ХIерберта хаам бина, Туркойчуьра ахча оьцуш волу 60 гергга имам шайн махкара араваккха дагахь ду шаьш аьлла, яздо Кавказ.Реалиино. Иза дакъа ду Австрин Iедалша "политикан исламца" къийсам дIабахьа йолинчу кампанин. Iедалш иштта дагахь ду 7 маьждиг дIакъовла. Царна юкъахь ду Венера туркойн маьждиг а,  "Iаьрбийн динан юкъараллан" чоьтах латтош долу 6 маьждиг а, хаам бо AP (Associated Press) Хьалхо Австрин Iедало хаийтира берийн бешашкахь а, юьхьанцарчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь ши стаг а, зуда а дийна Iедалан ницкъаша

ГIалгIачуьрчу Несарахь лерринчу операцехь 2 стаг а, цхьа зуда а дийна меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахоша. Къоман антитерроран комитето (НАК) уьш тIемалой бара бохуш чIагIдо, терроран чулацам болу зулам дан дагахь хилла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Меттигерчу низамаш лардечу органашкарчу хьастана тIе а тевжаш, цу агенталло яздо 2 стаг а, цхьа зуда дийначул тIаьхьа цаьрца хилла кхин цхьа стаг каравахана Iедалшна бохуш. И хаам официалан кепара тIечIагIбина бац. Хууш дац байинчера цIерш муха ю.

Radiomarsho.com 

Дагестан: уггар а лекха ломарчу юьртахь муха хене воккху устагIаша

Куруш олучу дагестанхойн эвлахь адамаш устагIий бахьана долуш беха. Оцу дийнаташа шайн дайшна латтайо юург, ягорг - массо а меттигашкахь хьалайоьттина гIий ю. ХIинццалц схьа устагIий узуш Дагестанех йисинчу яртех цхьаъ ю Куруш.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хоржур ву Гезгмашин-беттан 9-хь

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хоржур ву Юкъара кхаж тосучу дийнахь Гезгмашин-беттан 9-хь. Цу тайпа сацам бина ГIалгIайн Республикан парламенто. Оьрсийчоьнан низамашца а догIуш, республикан Халкъан Гуламехь векалш болчу хIора партино уггаре дукха 3 кандидатура хьажор ю Оьрсийчоьнан президенте харжийта.   Царах кхо стаг а къастийна, президенто кхоже юьллур ю церан кандидатураш республикерчу параментехь. Цул тIаьхьа 20 де далале депутаташ декхарелахь бу цу кхааннах республикан куьйгалхо харжа. ГIалгIайчохь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мисаран футболхой ловзарна кечлур бу "Ахмат-Аренехь"

Оьрсийчохь кху деношкахь дIайолалуш йолчу футболан чемпионатехь дакъалоцуш болу Мисаран футболхой Соьлж-ГIалахь бешмайдане бевр бу тIедогIучу кIиранан дийнахь, Мангал-беттан 10-чохь. Цунах лаьцна хаам бо "Сhechnyatoday" агенталло. "Ахмат-Аренехь", луучеран хьажа аьтто а беш, тренинг йир ю цара шайн хьалхарчу ловзарна кечлуш. Иза хир ду Уругвайн футболан тобанца Екатеринбургехь Мангал-беттан 16-чу дийнахь. Мисаран футболхоша тренинг еш цаьрга хьожур болчерах дукхахадерш бераш хир ду. Цунах лаьцна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Путине Нохчийчоьнах лаьцна хаттарш хIунда ца делла дийцина Кадыровс

Путинан "Прямая линия" программехь Нохчийчоьнах хьакхалуш долу хаттарш ца хиларо гойту тешам хилар а, республикера хьал цхьанаэшшара дIанисделла доьдуш хилар а, амма цо дIа ца йоху республикехь йолу проблемаш, аьлла хета Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цунах лаьцна йоза дитина цо шен «Вконтакте» йолчу агIона тIехь. Кадыровс дийцарехь, Нохчийчоьнах лаьцначу долчу муьлхха а хаттарна жоп дала кийча а волуш, шен Iедалхошца цхьаьна тергонехь латтош вара иза Путинан эфир. Делахь а Кадыровн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровн гергара стаг хьаькам хIотторах лаьцна хаттар делла Путине

Нохчийчуьрча вахархочо рез вац Кадыровн 26 шо долу гергара стаг Кадыров Хас-Мохьмад чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлж-ГIаларчу урхаллан куьйгалхо хIотторна. Цунах лаьцна хьажийна цо еарин дийнахь Путинца хиллачу "Прямая линия" программехь. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, News Tracker зорбанан гIирсана тIе а тевжаш. "Лахара лейтенант Соьлж-ГIаларчу милицин хьаькам муха хIоттийна?", - хаьттина шен цIе ца йовзийтинчу хаттаран авторо. Хас-Магомед Кадыров хьакаман дарже хIоттийра 2017-чу шеран Лахьан-баттахь.





Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus