Путине Нохчийчоьнах лаьцна хаттарш хIунда ца делла дийцина Кадыровс
Цунах лаьцна йоза дитина цо шен «Вконтакте» йолчу агIона тIехь.
Кадыровс дийцарехь, Нохчийчоьнах лаьцначу долчу муьлхха а хаттарна жоп дала кийча а волуш, шен Iедалхошца цхьаьна тергонехь латтош вара иза Путинан эфир.
Делахь а Кадыровн 26 шо долу гергара стаг Кадыров Хас-Мохьмад чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлж-ГIаларчу урхаллан куьйгалхо хIотторна ша реза ца хиларх лаьцна хаттар даийтина хиларх республикерчу вахархочо хаам бо Кавказ.Реалиино, News Tracker зорбанан гIирсана тIе а тевжаш.
"Лахара лейтенант милицин хьаькам муха хIоттийна?", - хаьттина шен цIе ца йовзийтинчу хаттаран авторо.
Хас-Магомед Кадыров хьакаман дарже хIоттийра 2017-чу шеран Лахьан-баттахь.