Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 09.06.2018

Radiomarsho.com 

Ша кечдинчу низаман проектах лаьцна ойла хийцина Саралиевс

Нохчийчоьнан цIарх Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила сацам бина къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьтучу низаман проектана кIел ша куьг яздар юхадаккха. Цунах лаьцна Саралиевс хаам бина шен телеграм-каналехь. Госдуман сайтан агIона тIехь долчу цу проектан авторшна юкъахь хIинца яц цуьнан цIе. Саралиевна хетарехь, Iамош берг ненан мотт белахь иза Iамор тIехь хила деза дешархошна а. Хаьлхо цо хаам бинера, Госдуме проект кховдош депутатийн тобано юьхьарлаьцнарг... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Телефонехула къамел дина Путина а, Порошенкос а

Украинин а, Оьрсийчоьнан а президенташа Порошенко Петрос а, Путин Владимира а телефонехула къамел дина. Цу шиммо барт бина, масала, шина пачхьалкхан омбудсменаш хьовсийта чубоьхкинарш муьлхачу хьелашкахь хан токхуш бу. Кремлан сайта тIехь арахецначу хаамехь аьлла ду, къамел Украинин агIонан дехарца хилла хиларх лаьцна. Украинин зорбанан сервисо бинчу хаамца, Порошенкос дIахьедина, Оьрсийчуьрчу набахташкара а, колонешкара а сихонца Украинера политикан тутмакхаш дIахеца беза аьлла. Шен агIор Путина а дIахьедар дина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

2 миллион доллар схьадоьхуш ву ФСБ-н инарла

Оьрсийчоьнан ФСБ-н инарло Феоктистов Олега схьадехна экономика кхиаран министр хиллачу Улюкаев Алексейна кхаъ луш ша лелийна долу 2 миллион доллар. Цунах лаьцна хаам бина "Би-Би-Си" оьрсийн сервисо. Улюкаев лецира "Роснефть" компанин Москох офисехь 2016-чу шарахь Лахьан-баттахь. Цу компанин куьйгалхочо Сечин Игора беллера министре, чохь йоьхьаш долу тускар а, тоьрмиг а. Цу тIоьрмигана чохь хиллера 2 миллион доллар. И операци кечйинарг хилла инарла Феоктистов. Цо чIагIдо, ша и ахча цIе ца йоккхучу бизнесхочуьнгара цхьана ханна даьккхинера... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТаIзарш лайначу нехан кехаташ хIаллакдар харц до МВД-но

Советан заманахь таIзар лайначу нехан архивера кехаташ хIаллакх дина бохург харц ду, боху Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан когаметто Зубов Игора. Цо билгалдаккхарехь, тидаме оьцу кехаташ вуно чIогIа жоьпалла долу документаш ду, гуттаренна а дIадехкина латто дезаш долу. Нагахь чувоьллина а, таIзар лайна а хиллачу стеган кехаташ карош дацахь, иза ша къастийна талла деза, боху Зубовс. И хаам баржийна Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула кхеташонан сайта тIехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бусалба хIуманаш юхкучу туьканашкахь талламаш бина Соьлж-ГIалахь

Нохчийчоьнан прокуратуро Соьлж-ГIалан Ленинан кIоштахь талламаш бина бусулба сурсаташ духкучу туьканашкахь. Цунах лаьцна хаам бо Сhechnyatoday сайто. Прокурорашца рейде арабевлла хилла динца йоьзначу Iедалан урхаллан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой а. Бусалба духар а, жайнаш а, кхин долу а сурсаташ духкучу туьканашкахь цу наха лоьхуш хилла экстремизман чулацам болу хIуманаш. Эшахь а аьлла, махбархой варе бина прокурораша, нагахь цу тайпаниг, къаьсттина Iедалша экстремизман ю аьлла лаьрра литература... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Евкуров: Марха достуш теракт ян дагахь хилла байинарш

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дийцарехь, Несарахь байина тIемалой Марха досту де тIекхочуш теракт ян кечлуш хилла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Евкуровс хаам барца, цу наха дан леринарг хьокъехь таллам бу дIахьош. ТIом бале хьалха байинарш карабало гIоьртира Iедалш боху цо.  "Цаьрца дийцарш дIадаьхьира кIоштан куьйгалхочо а, меттигерчу Iедалша а. Бандиташ реза ца хилира карабахка, ткъа шаьш схьалаца гIоьртинчу ницкъаллин структурийн белхахошна тIе герз туьйхира цара. Дуьхьал герз а тоьхна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчохь шен ваша вийна стаг лоьхуш ю полици

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Виноградное эвлахь дов иккхина хилла шина вешийн, яздо Кавказ.Реалиино. Бага а йиттина, вовшашна буй-тIарий дан волавелла и шиъ. Эххаре а 45 шо долу ваша тоьлла. Цо буй биттина кхетам чуьра ваьккхина шен 55 шо долу ваша. Дарбанан хIусамехь, кхин метта а ца вогIуш, иза велла. Бехкениг къайлаваьлла. Иза лоьхуш бу полисхой.

Radiomarsho.com 

Муцураевн йиш бахьанехь гIуда токхур ду веданхочо

Нохчийчохь кхело бехке винарг ву Веданан кIоштара вахархо. WhatsApp-хула дIахьажийна хилла цо шена хазахетта йиш. Иза зулам лерина интернетехь Муцураевн эшарш яржош болу нах лохучу прокуратуран белхахоша. Цара кхеле велла и стаг. Ткъа суьдхочо 150 туьма гIуда тоьхна Муцураев кхолларалла езачунна экстремистийн материалаш яржорна, хаам бо "Кавказского узело". Веданхочо яржийнарг муьлха йиш ю хоуьйтуш дац. Муцураевн аз дика девзаш ду Нохчийчохь хьовха, ерриг а Оьрсийчохь а бардийн кхолларалла дукха езачу нахана. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Талибан" реза хилла Марха достуш тIом сацо

ОвхIанистанехь "Талибан" тоба реза хилла Марха достучу кхаа дийнахь, тIом а сацийна, Iедалшца машаран маслаIат дан. Цунах лаьцна хаам бо цу махкарчу зорбанан гIирсаша. Кху беттан 7-чохь ОвхIанистанан президенто ГхIани Ашрафа махкахь дIакхайкхийна цхьана ханна герзаш деттар сацоран раж. Иза сатесна вара тIемаш совцо аьтто хила мега Мангал-беттан 11-чохь аьлла. Ашрафа маслаIат кхайкхадале, парламентан харжамаш тIекхочуш а болуш, ОвхIанистанан Iедалша чIагIбинера тIалибашца шаьш дIахьош болу къийсам. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчочунна 20 шо хан тоьхна Францехь

Францехь, 20 шо хан а тоьхна, чувоьллина Нохчийчуьра схьаваьлла Берсанов Руслан. Иза бехке вина 2011-чу шарахь Оьрсийчуьра бизнесхо Лапин Михаил верна, хаам бо РИА Новости, нохчачуьнан адвокатана Сидорова Иринина тIе а тевжаш. Берсанов бехке веш сацам бинарг ю бехкъасторхойн кхел. Таллам бича гучудаьлларг иштта ду. 2011-чу шарахь Зазадоккху-баттахь «Саратовстройстекло» компанин директор Лапин Михаил а, цунна евза Православнова Елена а Франце деана хилла, цу мехкан къилбехь Лаьттаюккъерчу хIорда... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

7 миллион IP-адрес дехкар юхадаьккхина Роскомнадзоро

Роскомнадзоро блок дIаяьккина ша 7 милион сов IP-адресна кхайкхийна йолу. Цунах лаьцна хаам бина йихкиначу сайташна терго ечу RKNShowtime телеграм-канало. Дехкар юхадаьккхинчу адресашна юкъахь ду Amazon-ан адресаш а. Карарчу хенахь тIекхача аьтто боцуш дуьсуш ду Роскомнадзоро дихкина долу 3 милон сов интернетан адрес. Оьрсийчоьнан ФСБ-н дехарца Telegram дIакъовлар тIедожийнера кхелахошна Роскомнадзоро Охан-беттан 16-чохь. Цу урхалло ФСБ-не дIакхачаде аьллера Оьрсийчуьрчу бахархоша вовшашка дIасакхоьхьуьйту хаамаш босту догIанаш. Читать дальше...





Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus