Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 04.06.2018

Radiomarsho.com 

Чемпионат йолалуш мехаш вуно хьаладевлла Оьрсийчохь

Футболан дуьненан чемпионатан ловзарш хир долчу Оьрсийчуьрчу гIаланашкахь цIеххьана дазделла хьешан хIусамехь чоь лацар а, кеманца дIасавахар а. Масала, Москох дIадаханчу кIиранах кхо седа болчу хIешан хIусамехь де-буьйса даккхаран мах бара 6 эзар сом. Оршотан дийнахь дуьйна и мах хьалабаьккхина шозза-кхузза. Изза хьал ду кхечу гIаланашкахь а. Кхин а дазделла Оьрсийчохь кеманца дIасавахар. ХIара шо долалуш хиллачу юккъерчу мехашца дуьйтича, билеташ дазделла 6-7-зза.

Radiomarsho.com 

Трамп а, Ким а тIелаца кечлуш ю Сингапур

Iамеркан президентан Трамп Доналдан а, Къилбаседа Корейн хьалханчан Ким Чен Ынан а цхьаьнкхетар дIадахьа леррина меттиг билгалъяьккхина Сингапуран Iедалша. И меттиг гоне лаьцна хир ю кху беттан 10-14 деношкахь. Цунах лаьцна хаам бина Сингапур гIала-пачхьалкхан Iедалша. Юьйцург ю Сингапуран арахьарчу гIуллакхийн министралла а, Iамеркан векалалла а, масийтта доккха хьешийн цIа а долу кIошта. "Вашингтон пост" газето хьалхо хаам бинера, Iамеркан делегаци мах дIабаларан аьттонаш лоьхуш ю Къилбаседа... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дуьненан Чемпионатна кечлуш бу гIалгIазакхий: "Берташ бохуш божарий гахь, хоуьйтур ду полицина".

300 бIе сов гIалгIазакхи хир ву Ростовхь дуьненан футболан чемпионатна кхерамзалла латтош. Шаьш футболъезархошна еттар яц, шаддаш цIахь юьтур ю, харцхьа леларш, дов а дина, буьтур бу, амма тергамза буьтур бац ЛГБТ-хой, боху цара.

Radiomarsho.com 

ДуьнентIехь уггаре доккха маьждиг схьадоьллур ду Истанбулехь

Мархийн бутт дIабоьрзуш Истанбулехь схьадоллур ду кху дуьнентIехь уггаре доккха хир долу маьждиг, хаам бо туркойн зорбанан гIирсаша. Чамлыджа олу маьждиг дина цу гIалахь уггаре лекхачу меттехь. Цу чу а, гонаха а цхьаьнаметта ламазанна дIахIотталур ву 60 эзар гергга стаг. Керлачу маьждиган ю 6 мимар. Царах 4 ю 107.1 метр лекха. Кхин шиъ 2 ю 90 метр локхалла йолуш. Маьждигана уллехь схьайоьллур ю оьздангаллан центр, шена юкъахь суьртийн галлерей а, библиотека а, конференцеш дIахьон чоьнаш а йолуш.

Radiomarsho.com 

Кху кIиранах 6 белхан де хир ду Нохчийчохь

ХIара кIира, ерриг а Оьрсийчохь санна, 6 белхан де долуш хир ду Нохчийчохь а. Роструд урхаллао бинчу хаамца, мукъа хила деза тIедогIу шоьтан де дехьадаьккхина оршотан дийне. Цундела оршот, Мангалан -беттан 11-гIа, мукъа де хир ду. Цу кепара, кху беттан 12-чохь Оьрсийчоьнан Де даздарца Мангалан -беттан 10-гIа а, 11-гIа а, 12-гIа а денош мукъа хир ду. Ткъа кхаарин дийнахь дуьйна Оьрсийчуьрчу бахархоша болх бийр бу кхаа дийнахь, Мангалан-беттан 13-15 деношкахь.

Radiomarsho.com 

КIомал оза боху керта тIерачу йозано

Мамедов Максим Наркотикаш юхкурш хецабелла Ставрополехь – цIеношна тIе етта амфетаминан а, кIомалан а реклама Графити а, йозанаш а ду гIишлойн пенаш тIехь. БIеннашкахь. Юхку "Скорость" ("Чехкалла"), "Микс" ("Эйинарг"), "Соль" ("Туьха"). Гуччош тоьхначу суьрта бухахь юьту телефон, Телеграмера канал я сайт. Сихха бIаьрг тоьхча, хетало бен-башха а доцуш яздина терахьаш, ".biz" аьлла доьрзу дешнаш. Дикка тидам бича, кхета "бен-башха доцчу" йозанаша, хьоькхнаша бохург – цара хоуьйту муьлха наркотик мичахь эцало. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Парижера вайнехан гулам: Сацаде нохчий гезбахар!

КIирандийнахь Францера а, Европан цхьацца мехкашкара а вайнах вовшахкхийтира Парижерчу Луврна хьалха. Гуламехь уггаре дукха хезачех дара, "нохчийн къам дац террористаш кхиош, ма кхолла тхуна тIе и цIе". Гуламехь дакъалецира вайнехан Европерчу политикаша а, бизнесхоша а, Iеламнаха а, могIархоша а. Бараме баьхкинера журналисташ, меттигера францойн политикаш, Парижан бахархой.

Radiomarsho.com 

Венехь нохчийн йоI йийнарг къайлаваьккхина Австрин полицино

Венехь 7 шо долу Хадишт йийна Роберт цIе йолу кхиазхо чIирхошка ца вейта гIерташ ю полици, яздо stav.kp.ru сайто. Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, Хадиштан Нохчийчуьрчу гергарчара чIир кхайкхийна йоI йийначу кхиазхочунна а, цуьнан доьзална а. Дуьххьара дуьйна 16 шо долу Роберт латтош вара цхьана стагана хьажийначу Венерчу набахтин камерехь. Цул тIаьхьа, кхерамазаллан бахьанашца, иза охьавиллира Линц гIаларчу набахтан дарбанан хIусаме. Амма цунах а гIуллакх ца хиллачух тера ду. Полице къайлаха... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIаларчу лоьраша мехаза тIеоьцур бу дархой

Кху деношкахь леррина акци дIайолийна республикерчу дарбанан а, диагностикан а реабилитацин цхьаьнкхетаралло. Мархийн бутт чекхбаллалц цигарчу лоьраша мехаза тIеоьцур бу дархой а, могашаллана таллам бан лаам болу бахархой а. Цунах лаьцна хаам бо «Грозный» телевизионо. Болчу хаамца, цу дарбанан центрехь лелош ю кхузаманахьлера медицинан техника. Цо аьтто ло лоьрашна электрокардиограмма яккха а, рентгенах а, флюорографех а дархой чекхбаха а. Стохка цигарчу лоьраша дарба хьехна шайна тIевеанчу 43 эзар вахархочунна... Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus