Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 13.06.2018

Radiomarsho.com 

"ГОЧ" – дуьненан литературе вуьгу тIай

Дуьххьара 2004-чу шарахь арахийцира "ГОЧ" журнал. I3 лоьмар бен еша таро ца хилира и дезаш тIеэцначийн. Кхи дIа журнал арадийлийта ницкъ а ца тоьана, болх сацийра. Къоначу яздархочо Петирова ПетIамата стохка юха керла са чу кхоьллира "ГОЧ" журнална. Нохчийн меттан говзанчас дуьйцу журналан селханех, таханех, цуьнан кханенах а.

Radiomarsho.com 

КIанта шен да дIахецийтар доьху Кадыровга

Жимачу Бекмурзаев Асхьаба видеоца дехар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыровга шен да Расамбек лаьцначуьра мукъаваккхийтар доьхуш. 2017-чу шеран Мангал-беттан 21-чу дийнахь лаьцна Расамбек 2000-чу шарахь ФСБ-н белхахо верца боьзна талламаш дIахьош. Гергарчара дийцарехь, 2001-чу шарахь, бехк а ца карийна, дIахецна хилла иза, оцу хенахь дуьйна болх бина таксица Хьалха-Мартанахь.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчу чемпионате богIучу пачхьалкхийн куьйгалхойн цIерш йовзийтина

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс цIерш яьхна дуьненан футболан чемпионате богIучу пачхьалкхийн куьйгалхойн. Уьш бу – Казахстанан лидер - Назарбаев Нурсолта, Белоруссин – Лукашекно Александр, Абхазин —Хаджимба Рауль, Киргизин —Жээнбеков Сооронбай. Иштта церемонехь шаьш хирг хиларх схьахаийтина Молдавин президенто — Додон Игора а, Панаман — Варела Хуан Карлоса а, Таджикистанан —Рахмон Эмомалис а, Къилба ХIиричоьнан — Бибилов Анатолийс а, Узбекистанан — Мирзиёев Шавката а. Песковс бахарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

RSF: "Чемпионат йоьдучу юкъахь а таIзарш совцош дац"

"Чемпионат йоьдучу юкъахь а таIзарш совцош дац" аьлла, акци кхайкхийна "Доза доцчу репортераша" кхааридийнахь. Республикан майданахь Парижехь йолийначу акцин Iалашо ю - Оьрсийчоьнан набахтешкахь латтош болу журналисташ дагабахкийтар ю. Организацино мах хадорца, шайн профессионалан декхарш кхочушдина аьлла, таIзаре хIоттийначу 7 журналистан суьрташ тIехь долу плакаташ деанера репортераша майдана. Ву царлахь Нохчийчохь наркотикаш лелийна аьлла, бехкевина набахтехь даккха кхо шо тоьхна "Кавказский узел" агенталлан журналист Гериев Жалавди а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Титиев Аюбах лаьцна спектакль гойтур ю

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочух Титиев Аюбах лаьцна гайта спектакл кечъеш ю Театр.doc. Кхааридийнахь YouTube-хь хьажа таро хир ю цуьнга Москохарчу хенаца - суьйранна ворхI сахьт даьлча. Кху шеран Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву бакъонашларъярхо Титиев Аюб, наркотикаш бахьанехь. Титиевс а, цуьнан белхан накъосташа а полисхоша марихуана цунна тесна ю боху. Титиев дIахецар доьхуш, кхайкхамаш бира Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъарчу а политикаша.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь шерашкахь чIирехь лаьттинчу нахана юкъахь маслаIат дина

ГIалгIайчуьрчу Малгобекехь 7 шарахь чIирехь лаьттина шина тайпанна юкъахь маслаIат дина. Республикера маслаIатан комисси юкъахьовзарца ЦечоевгIара гечдина шайн гергара стаг вийначу МамерговгIарна. Барт бечу миссехь теш хIоьттина мехкан урхалхо Евкуров Юнус-Бек, иштта дакъалаьцна махкахь лоручу Iеламнаха а, хаамбо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша. "ЧIирхошна юкъахь бартбар Далла дезначух ду элира Евкуровс. Дахарехь зеделлачо а, къанойн хьекъало а, адаман сингаттамна уьш сема хиларо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Муфтий: Ма яржае харц информаци

Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь лерина вистхилла махкахошка марха достучу дийнах лаьцна. Цо билгалдаьккхина, марха муьлхачу дийнахь достуш ду билггал цкъачунна хууш цахилар. Еарин сарахь бен къаьстар дац аьлла цо де. Иштта муфтийс кхойкху бахархошка собаре хиларе, марха достучу дийнах харц хаамаш дIаса ца баржоре а. "Цхьана эха сахьтехь информацино дуьненна го боккхучу кху заманахь, са ма гатде аш, шуьга хаам дIакхачор бу мархийн Iийдан дийнах", - аьлла Динан урхаллан хьалханчас.

Radiomarsho.com 

Кхачан-сурсатийн мехаш тIетохарна аьрзнаш до бахархоша

Нохчийчохь кхачан-сурсатийн мехаш марха досту денош гергакхаьчча хьаладаьхначул тIаьхьа, даздина тIедухучу хIуман мехаш а аьлла, дIахьедина махкарчу бахархоша. Цара дийцарехь, Iеламчаша мехаш ма ийде аьлла, дина дIахьедар йохкархоша тергал ца дина. Бахархоша даредарехь, байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь дуьйнна цхьайолчу сурсатийн мехаш дазделлера 10-25 соьмана. Динан дайша дIакхайкхийнера, бусулба пачхьалкхашкахь Рамадан баттахь мехаш мелхо а охьадохуш хиларх. WhatsApp-ан мессенджерехула дIасабаржийра... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мигранташ арабаьхна Нохчийчуьра

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн дозанхошна Азербайджанан 17, Таджикистанан 5 вахархо хаавелла миграцин низамаш талхош Нохчийчохь хан йоккхуш. Административан жоьпалле а озийна, 2 эзар сом гIуда а хьарчош, пхи вахархо махкара араваьккхина, кхаа шарна Оьрсийчу бахкар а доьхкуш. "Нелегал 2018" цIе йолчу бараман гурашкахь кхи дIа а лоьхуш бу территори тIехь хан яккха бакъо йоцу мигранташ. Оьрсийчоьнан миграцин низамашца а догIуш, 2 эзарна тIера 5 эзаре кхаччалц гIуда а тухуш, пачхьалкхера аравакхар кхачадо иштачу меттигехь.

Radiomarsho.com 

Пятигорскерчу комикна Слепаков Семенна байт язъеш, жоп делла Кадыровс

Мехкан куьйгалхочо ша ладуьйгIира аьлла забарен цуьнан дуьненан Чемпионатех эшаре, миллионашкахь кхечара а санна. Даим а аьтто ца болу футболхойн толам баккха, амма собаро а, юморо а ницкъ ло царна оцу дерригенца а ларадала. "Суна хазахийтира Слепаковн йиш, доггах вийлира со. Амма цхьабакъду, сан дош пармезан нехчал а ницкъболуш дац, сан дош тIулгал чIогIа ду. Ма мотталахь, Нохчийчохь забарх ца кхеташ бу алий. Делахь а, цхьа хIума ца тайна суна, Семенна со панацея (мифологехь массо а лазаран дарба... Читать дальше...





Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus