RSF: "Чемпионат йоьдучу юкъахь а таIзарш совцош дац"
Кху беттан 4-чу дийнахь шпионалла лелийна аьлла, 12 шарна набахте воьллина Украинан журналист Сущенко Роман.
"Доза доцу репортераш" организацин куьйгалхочо Делуар Кристиана аьлла: "Футболан ловзарш дIахьочу юкъанна вай дицдан ца деза вукху матчах, Оьрсийчоьнан Iедалш дозуш доцчу хаамийн гIирсашна дуьхьал лаьтташ, низам лардеш доцуш дIахьош йолу матч".
Иштта Делурара карладаьккхина, Путин Владимир президент хIоьттичхьана Оьрсийчохь мел лахара а 34 журналист вийна хиларх. Ю царлахь Политковская Анна а, Эстемирова Наташа а.