Нохчийн йоI йийнарг психика галъяьлла ца карийна Австрерчу лоьрашна
Адам дерна бехке веш волу кхиазхо коьртаца муха ву къастош бу лоьраш. Цкъачунна цуьнан могушалла теллинчу шина экспертана цхьана а цамгаран лар ца карийна цуьнгахь.
ХIинцале а къастийна Роберт шизофреник ца хилар а, цунна цхьа а аьзнаш хезаш ца хилар а. Гуш ду цуьнан вуно чIогIа адамашка цабезам хилар, яздо Австрерчу Oe24 зорбанан гIирсо. Делахь а таллам дIабоьдуш бу.
7 шо долу йоI цу кепара къиза ерна вуно халахетта ю ерриг а Австри. ХIинца а кхеташ дац зуламхочо иза хIунда дина.