Iамеркан президенто Трамп Доналда баркалла аьлла Къилбаседа Корейна, оьгӀазло къинхетаме ерзор Iалашонан гIулч яккха лууш хиларна. Хьалхо Пхеньянан векалша элира Трампан а, Ким Чен Ын-ан а цхьаьнакхетар хилале шайн зарратан полигон дIаяккха дохка шаьш аьлла. "Баркалла, вуно хьекъале а, оьгӀазло къинхетаме ерзоран тамехь а ишар ю", - яздина Iамеркан президенто Твиттерехь Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь. Къилбаседа Корейн пачхьалкхан хаамийн агенталло бинчу хаамца, Пхеньяно шен зарратан герз... Читать дальше...
Венерчу нохчийн доьзалера 7 шо кхаьчна йоI ерна бехке хила мега аьлла, цкъачунна лаьцна цхьа а стаг вац. Цунах лаьцна хаам бо Маршо Радион корреспонденто. Цо дийцарехь, социалан машанашкахь цхьацца видеош яьржина цу зуламана гонаха. Иштта, дийцарехь, меттигерчу вахархочунна пIераскана сарахь 9 сахь долуш, бохам хиллачу меттехь, нехаш дIакхуьссучу бакана уллехь 40 шо хир долу стаг гина, цхьа тамашийна лелар долуш. Иза, гарехь, цигахь гена воцуш вехаш волчух тера ду. Цкъачунна и стаг мила ву а, зуламца уьйр йолуш ву-вац а хууш дац. Читать дальше...
ПIераскана сарахь яйна хилла нохчийн доьзалера 7 шо долу йоI йийна карийна. Пластикан тоьрмигана чохь цуьнан дакъа карийра полисхошна шоьтан Iуьйранна коммуналан белхахоша нехаш дIахьош цхьана контейнерна чохь. Хадижат цIе йолу йоI яйнера пIерскана дийнахь делкъалтIаьхьа. Сарахь 4 долуш иза ловзуш гинера Шпиттелау кIоштахь ша ехачу хIусамана гена доццуш йолчу паркехь. ТIаьхьо йоI цIа ца еача орца даьккхинера гергарчара. Социалан машанашкахь а даржийра йоьIан сурт а, иза лоьхуш хиларх лаьцна хаам а. Читать дальше...
Шоьтан сарахь Паржехь гIалана юккъехь Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийнарг Нохчийчохь вина хилла 1997-чу шарахь. Цунах лаьцна хаам бина кIиранан дийнахь Рейтер агенталло, меттигерчу кхеларчу хьастана тIе а тевжаш (муьлхачу къомах ву хьахош дац). Урс тоьхна стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо, хаам бо меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле и жима стаг ларийна цхьа стаг ве а, 4 лазо а. Рейтер агенталло бинчу хаамца, цуьнан да-нана лаьцна Францин полицино. И шиъ ледеш ду. Читать дальше...
BFM TV телеканало бинчу хаамца, цхьа стаг вийна 8 лазийна ву. ТIелетар динарг вийна полисхоша герз тоьхна, хаам бо Дуьненаюкъарчу францхойн радионо. AFP (Франспресс агенталла) агенталло дийцарехь, цхьа стаг урс тоьхна вийна зуламхочо, масийтта чевнаш йина ву. Цу стага диначуьнан бахьанаш хууш дац. Цхьаболчу хаамашца, иза ву Нохчийчуьра схьаваьлла 20 шо долу жима стаг.
Тбилисехь парламентана хьалха дуьхьалонан акцехь дакъалоцучу масийтта эзар стага емалдина полицино буьйсанна болх бечу клубашкахь лелийнарг. Наротикаш йохкарца къийсам латтош ду шаьш бохучу Iедашка хоьтту цара, хиллачуьнан бахьана дуьйцуш жоп ло шайна бохуш. Леррина операци дIаяьхьира гуьржийн полисхоша шоьтан буса буьйсанна болх бечу Тбилисерчу шина клубехь. Полисхой чулилхинарш яра Bassiani а, Gallery а цIе йолу Тбилиси гIалин юккъера ши клуб. ТIаьхьо чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедар дира... Читать дальше...