Жимачу берана Соьлж-ГIаларчу дарбанан хIусамехь ВИЧ-ун далар юхатоллуш ду Нохчийчохь. Цу хьокъехь долийна хилла бехктакхаман гIуллакх талламхоша сацийнера, билггал бехкениг къасто аьтто бац аьлла. БархI шо хьалха Соьлж-ГIаларчу цхьана дарбанан хIусаме, пехаш шелделла хила мега аьлла шеко йолуш, валийна хиллера цхьа шо долу жима кIант. Талламхоша дийцарехь, дарба дан иза охьавиллина хилла ВИЧ-ун кхетта йолчу йоIаца. Кхин а 6 шо даьлча гучудаьлла и ун цунна а даьлла хилар. Талламахошна ца карийна бехкениг... Читать дальше...
Азербайджанан полицино Бакохахь лаьцна Украинин махкахо 29 шо долу нохчо Саитов Мохьмад-Эми. Иза лехаме веллера Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Цу стага тIелатар динера Оханан-беттан 30-чу дийнахь Киевехь Украинин депутатана Найем Мустафана аьлла, шеко йолуш бу Украинин талламхой. Цунах лаьцна хаам бина Украинин зорбанан гIирсаша, чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Аваков Арсенна тIе а тевжаш, хаам бо Кавказ.Реалиино. Болчу хаамца, хьалхо Найемана вевзина хилла шех летта волу Саитов Мохьмад-Эми. Читать дальше...
Германехь, коммунизман идеологи кхоьллинечерах цхьаъ волу Маркс Карл винчу гIалахь, Трирехь йоьза статуя схьайиллина цуьнан 200 шо кхачарна хьажийна. 2 тонн еза йолу иза совгIат ду Китайн Халкъан Республико Марксан юбилей хиларна Германина дина долу. 5 метр лекха йолу статуя дIахIоттийна Порта Нигра цIе йолчу Риман Империн хенара кевнаш лаьттачу майданахь. Цуьнан автор ву Китайра сурташдахкархо Вэйшан У. Полицино бинчу хаамца, Марксан статуя схьайоьллуш дакъалоцуш вара 3 эзар гергга вахархо а, 200 гергга лараме хьаша а. Читать дальше...
Цхьаьнатоьхначу Штаташа емалдина Оьрсийчохь дуьхьалонан акцийн бIеннаш декъашхой дIалецар. Iамерко дехар дина Оьрсийчоьне, хьем а ца беш, и нах дIахеца аьлла. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Iамеркан Пачхьалкхан Департаментан зорбанан секретаро Нойерт ХIизера твиттерехь зорбане даьккхинчу дIахьедарехь. Шаьш бакъонца хаьржина хиларх шеко йоцучу лидерша ца луьйцу маьршачу дуьхьалонан акце арабевлла шайн дуьхьалончаш, аьлла ду цу дIахьедарехь. Евробарто а емалдина демонстранташ дIалецар а, ницкъах пайда эцар а. Читать дальше...