Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2018

Новости за 11.05.2018

Radiomarsho.com 

Вачагаев Майрбек: Ламанхойн Республикан бух геннара схьабогIуш бу

100 шо хьалха 1918-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь дIакхайкхийра йозуш йоцу Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республика. Керлачу пачхьалкхана юкъадахара Iаьржачу хIордан тIера Таркхойн хIордана тIекхаччалц долчу латтанашна тIехь деха къаьмнаш. Нохчийн историко Вачагаев Майрбека дуьйцу Ламанхойн Республика кхолларх а, йожарх а лаьцна.

Radiomarsho.com 

Шевченкона тIаьххье СПЧ-кхеташо йитина Познера

Оьрсийчуьра тележурналист Познер Владимир журналистана Шевченко Максимана тIаьххье дIаваьлла Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонна (СПС) юкъара. Цунах лаьцна Познера хаам бина шен Инстаграмехь. Тележурналисто дийцарехь, адамийн бакъонашкахула йолу кхеташо "шен лаамехь ца хиллар сов, цхьа а Iаткъам бан таро йоцу декорацин кепехь йолу" вовшахтохаралла ю. Шевченко цу кхеташонан юкъараваларан бахьана дара цуьнан декъашхоша цхьана а кепара реакци йина ца хилар... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь охьадаьхна мобилан зIенан мехаш

Оьрсийчохь 4 процентана охьадаьхна мобилан зIенан мехаш. ХIинца уггаре гIехьа пакетан мах бу 258,3 сом. Оьрсийчохь карарчу хенахь уггаре йораха йолу мобилан зIе ю Магаданехь а, Тюменехь а, Чукоткехь а. Кхечарал алсам ахча дойу мобилан зIе латтош Нохчийчуьрчу бахархоша, тIаьккха Дагестанерчу бахархоша.

Radiomarsho.com 

Шела-Сити схьайиллина

Шелахь керла йина гIишлош а, керташ а, урамаш а хаздеш, кешнаш цIандеш иштта дуккха а кхин болийна хилла белхаш дIа а берзош болх бара дIабоьдуш пIераскана Iуьйранна дуьйна. Иза доьзна ду Шелан неIарш схьайоьллуш де хIотторца. Шелара цхьацца хьукматашкара белхахой делккъалц болх беш бара оцу хиламна тIаьххьара кечамаш беш: зезагаш дуьйш, нехаш дIайохуш, кхин долу белхаш беш. Стохка Iедало, доьзалш чуьра ара а бохуш, дIахьаькхира Шелан коьртачу урамера 100 гергга ков-керт. ГIала хазйо, урамаш шордо аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровна "Оьрсийчоьнан Къинхьегаман турпалхочуьнан" седа балийта дехар кечдина Нохчийчохь

ХIокху дIадаханчу деношкахь школашкарчу хьехархошка а, иштта кхечу организацешкарчу белхахошка а куьйгаш яздайтина, "Прошение президенту Путину", аьлла кехата тIе. Цу тIехь дехар деш ду Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Оьрсийчоьнан Кьинхьегаман турпалхо" сийлахь цIе ялар. Толаман Де герга кхочуш Кадыровна "Даймехкан Турпалхо" орден елира махкарчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада. И орден депутаташа юкъаяьккхинера кху шеран Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь.

Radiomarsho.com 

Дагестанехь вовшашна герз диттина шина полисхочо

Дагестанерчу Избербашехь дов даьллачу шина полисхочо вовшашна герз диттина. Пайда эцнарш ю балхахь елла тапчанаш. Талламан комитетан меттигерчу урхалло дийцарехь, герз тохар хилла полисхой балхара бевллачул тIаьхьа. Болчу хаамца, ши а полисхо чов хилла ву. Иштта чов йина и шиъ дIасакъасто гIоьртинчу меттигерчу вахархочунна а. Талламхой къастош бу хилларг.

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкх" тобанан куьйгалхойх 5 стаг лаьцна Иракъехь

Иракъехь лаьцна "Исламан пачхьалкх" тобанан куьйгалхойх 5 стаг. И тоба террорхойн лору дуккха а пачхьалкхаша, шайна юкъахь Оьрсийчоь а йолуш. "Исламан пачхьалкхан" куьйгалхой лоцуш хиллачу операцехь дакъалаьцна дуьненаюкъарчу коалицин ницкъаша а. Iамеркан президенто Трамп Доналда твиттерехь хаам бина, буьйцурш "Исламан пачхьалкх" тобанан "уггаре лоьхуш хилла лидерш бу" аьлла. Хаамийн агенталлаша дийцарехь, цу пхеанна юкъахь вац ДАIИШ олучу цу вовшахтохараллан куьйгалхо Аль-БагIдади Абубакар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь схьайоьллур ю шовданан хи дIасадоттаран завод

"Бенара бIаьсте" фестивал дIайоьдуьш Нохчийчохь схьайоьллур ю дохка шовданан хи дIасадоттаран завод а, керла маьждиг а, хьуьжар а, хаам бо "Это Кавказ" сайто, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана аьллачунна тIе а тевжаш. Фестивалан программина юкъахь ду Iилманчаша а, кхоллараллан белхахоша а лекцеш ешар а, дешначу наха хьехамаш бар а. "Бенахь бIаьсте" фестивал хир ю кху беттан 13-15-чу деношкахь Ножай-юьртан кIоштахь.

Radiomarsho.com 

Президент Трамп цхьаьнакхетар ву Ким Чен Ын-ца Мангал-баттахь

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда хаам бина, шен Къилбаседа Корейн лидерца Ким Чен Ын-ца цхьаьнакхетар Мангал-баттахь 12-чу дийнахь хир ду аьлла. Трампа Twitter-хь яздина, ши а лидер хьожур ву и цхьаьнакхетар дерриг а дуьненехь машар хIотторан гIуллакхана "ша-тайпа хилам" хилийта аьлла.

Radiomarsho.com 

100 шо кхаьчна Ламанхойн Республика кхоьллина

1918-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь Чермоев Iабдул-Межеда а, Бамматов ХIайдара а, декларацина къелла куьйгаш а таIийна, дIакхайкхийра йозуш йоцу Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республика кхоллар. Керлачу пачхьалкхана юкъадахара Iаьржачу хIордан тIера Таркхойн хIордана тIекхаччалц долчу латтанашна тIехь дехаш долу къаьмнаш. И пачхьалкх, къобул а йина, тIеийцира туркойн Iедалша а, кхин а цхьайолчу пачхьалкхаша а.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus