Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2018

Новости за 01.05.2018

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкхах" дIакхеттачу зударийн бераш цIа дерзор ду Германино

Германин Iедалша цIа далор ду шайн махкара "Исламан пачхьалкх" тобанах дIакхета баханчу зударийн бераш. Цунах лаьцна хаам бина Bild am Sonntag газето, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло деллачу омрана тIе а тевжаш. Махка юхадерзийначул тIаьхьа, кхеторан болх а бина, и бераш дIалур ду церан гергарчу нахе а, социалан урхаллашка а. Bild am Sonntag газето далочу терахьашца, карарчу хенахь шайн берашца цхьаьна Шемахь а, Иракъехь а тIемаш боьлхучу зонехь ю Германин паспорташ долу лаххара 270 зуда. "Исламан пачхьалкхах" а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь даздира "Хьалхара Май"

Нохчийчохь а даздина "Хьалхара Май". Chechnyatoday.com сайто бинчу хаамца, даздаршна лерина акцеш хилла республикан кIошташкахь а, гIаланашкахь а. Соьлж-ГIалахь даздар вовшахтоьхнера "Сийлаллин аллей" олучу дагалецаман комплексна хьалхарчу майданахь. Цуьнан декъашхоша айина дара цхьацца йозанаш тIехь долу кIедеш а, лоппургаш а, Оьрсийчоьнан а, Нохчийн Республикан а байракхаш а.  Хьалхо "Кавказский узело" хаам бинера, цу даздаршкахь дакъалаца декхарелахь бина бюджетера алапа оьцуш болу белхахой а, студенташ а аьлла.

Radiomarsho.com 

Москох даздаршкахь дакъалоцу 20 стаг лаьцна полицино

Полицино Москох гIалин юккъехь лаьцна, Хьалхара Май даздеш хиллачу демонстрацехь дакъалоцуш волу 20 сов жигархо. Цунах лаьцна хаам бина "ОВД-Инфо" портало, дIалаьцначаьрна юкъахь йолчу юкъараллан жигахочунна Медведева Анастасияна тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, лецнарш бу психожигархойн ковранан декъашхой. Церан болам бу коьртаца лазарш долчу нехан проблемашна Iедалан тидам тIебахийта гIерташ. Медведевас дийцарехь, лецначарна юкъахь бу заьIапхой а, кхетамца галбевллла нах а, ткъа иштта 2 кхиазхо а.

Radiomarsho.com 

Украинин депутатана тохарна 3 нохчо лаьцна Киевехь

Киевехь лаьцна нохчийн 3 жима стаг. Уьш бехке бина гIалин юккъехь Украинин Лаккхарчу Радан декъашхочух Найем Мустафах латарна, яздо Кавказ.Реалиино, меттигерчу депутатана Мосийчук Игорна тIе а тевжаш. Цо дийцарехь, нохчашна а, Найемна а юкъахь дар-дацар хилла некъа боьлхуьш. Инцидент хиллачу меттера дIавахана кхо жима стаг тIаьхьо лаьцна полицин белхахоша. Мосийчука дийцарехь, царна бехке дуьллуш ду сий дойуш лелар.

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь транспортана дIакъевлина юккъера урамаш

Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша таранспортана дIакъевлина Соьлж-ГIалин юккъера урамаш. Иза доьхзна ду цу гIалахь Хьалхарчу майна хьажийна демонстраци ярца. "Кавказский узело" бинчу хаамца, цу акцехь дакъалаца декхарелахь бина бюджетера алапа лучу меттигашкара белхахой а, студенташ а.

Radiomarsho.com 

ГIажарийчохь дIакъевлина Telegram

ГIажарийчоьнан Iедалша блок хIоттийна Telegram мессенджерна, хаам бина Reuters агенталло, цу махкарчу зорбанан гIирсашна тIе а тевжаш. ГIажарийчоьнан пачхьалкхан телевизионо дIахьедар дина, и сацам боьзна бу "пачхьалкхан кхерамазаллин хьашташца" аьлла.

Radiomarsho.com 

Кабулерчу шина эккхийтарехь вийнарг ву 9 журналист

ТIаьххьара болчу хаамашца, Кабулехь динчу шина эккхийтарехь вийнарг ву 9 журналист. Царна юкъахь ву Маршо Радион ОвхIанхойн сервисан ши корреспондент а, цу сервисехь болх бан кечлуш хилла кхин цхьа журналист а.   Теракташ хилла Iедалан хьукматийн куьпахь, Iамеркан векалаллана гергахь. Хьалхара эккхийтар дина мотоцикл тIехь хиллачу Iожалхочо. И бохам хиллачу метте баьхкина орцанхой а, журналисташ а. Телеоператорх тарвелла царна юкъахь волчу стага эккхийтина шолгIа бомба. Оршотан Iуьранна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ДАIИШ-ца къийсам дIабахьаран Иракъера шен штаб дIакъевлина Iамерко

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа оршотан дийнахь дIакъевлина "Исламан пачхьалкх" (ДАIИШ) тобанна дуьхьал лаьттахулара тIеман операцеш дIаяхьарехула йолу шайн штаб. Иза ду, цу тобанерчу тIемалошна духьал Иракъехь Iеман операцеш дIаяхьар, дIадирзина бохург. ДАIИШ тобанерчу тIемалоша масийтта шарахь шайн Iуналлехь латтийра Иракъан территорин кхоалгIа дакъа, шена юкъахь яккхийчерах кхоалгIа гIала йолу Мосул а йолуш. Стохка ГIуран-баттахь Иракъан премьер-министро Ал-Абади ХIайдара дIакхайкхийра, Iамеркахоша гIо а деш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Украинин армина Javelin ракеташ елла Iамерко

Украинин президенто бакъдина шайн пачхьалкхан тIеман ницкъашна Iамеркин Javelin олу танканашна туху ракетийн комплексаш кхаьчна хилар. Порошенко Петрос дIакхайкхийна иза Оршоташ сарахь. Цо дийцарехь, керла герз кхачаро хаъал чIагIбина церан тIеман аьттонаш а, пачхьалкхан кхерамазалла а. Хьалхо Iамеркан Пачхьалкхан депортаменто бакъдинера, Вашингтоно Ураинине Javelin комплексаш хьажийна хилар. Болчу хаамашца, Украине хьажийначу кхузаманахьлерчу цу герзан мах бу 47 миллион доллар. Цу юкъахь ю 210 танканашна туху ракеташ а... Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus