Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18

Новости за 28.12.2017

Radiomarsho.com 

22 эзар вахархо махкахвала бакъо йоцуш ву Нохчийчохь

22 эзар сов Нохчийчуьра бахархой бу Оьрсийчоьнан территори тIера арабовла бакъо йоцуш. Цуьнан бахьана ду цу наха коммуналан хьаштех ахча а, кредиташ а, цхьацца декхарш а, гIуданаш а дIадала дезаш хилар. Цуьнах лаьцна хаам бина Федералан пурстоьпийн сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо. Махкахвала дихкина хиларх лаьцна вахархочо хатта деза ша вехачу меттехь болчу пурстоьпашка. Декхар ду-дац хьажа иштта аьтто бу иштта Федералан пурстоьпийн сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан сайта тIехь а.

Radiomarsho.com 

Харц ахча доьхкина ши стаг кхеле озийна Нохчийчохь

Нохчийчуьра ши вахархо хилла харц ахча лелийнарг. Цу шинах цхьаммо вуькхуьнга дохка делла хилла 5 эзар соьмах тардина долу 33 кехат. Царах цхьа дакъа Астраханехь дохка аьтто баьлла цуьнан. Дисна харц ахча Соьлж-ГIалахь дохка дагахь хилла и шиъ. Амма иза дан кхиале ши стаг лаьцна полицин белхахоша. Карарчу хенахь цу шинна духьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх, теллина а даьлла, дIаделла Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштарчу кхеле. Оьрсийчуьрчу низамашца а догIуш, харц ахча дарна а, лелорна а билгаляьккхинарг ю 8 шо хан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iаларо Iусман (Урдун): Ташу-Хьаьжа Сесана воссарх

Урдунерчу нохчашна дика хаьа шайн дайша Нохчийчуьра арабовлале лелийнарг. Церан къамелаша йовзуьйту къоман хьалханчийн, турпалийн, дуьххьарлерчу Iеламчийн цIерш. Iаларо Iусмана гойту вайна, дайша тIаьнешка а луш, Урдунехь шайн доьзало кхузамане кхачийна жайнеш, дуьйцу нохчийн безачу нахах лаьцна.

Radiomarsho.com 

Уггаре дукха беха нах бу ГIалгIайчохь

ГIалгIайчуьра бахархой беха юккъерчу барамехь 80,8 шарахь. Иза уггаре лакхара гайтам бу Оьрсийчуьрчу субъекташна юкъахь, яздо REGNUM агенталло, гIалгIайн могушаллан министрана Арапханова Марема бохучунна тIе а тевжаш. Бахархойн терахь тIекхетарца доьзна хьал а дика ду, боху министро ГIалгIайчохь. Цо дийцарехь, хIора шарахь меттигерчу бахархойн терахь алсамдолу 7-8 эзар вахархочунна.

Radiomarsho.com 

Шен хилла хIусамнана ядо гIоьртина стаг чувоьллина Нохчийчохь

Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштарчу кхело колонехь якхха 5 шо ах шо хан кхайкхийна меттигерчу вахархочунна, шен хилла хIусамнана ядо гIоьртарна, хаам бо "Кавказский узело". Кхело бинчу сацамо гайтарехь, стохка Лахьан-баттахь шен хилла зуда ядо гIоьртина Соьлж-ГIалара вахархо. Зудчо дуьхьало йича, цунна масийттоза тоьхна стага. Мохь хезна лулахой арабевлча ведда хилла тIелатар динарг.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан бахархой ца хийцаран бахьана дийцина Порошенкос

Украинин президенто Порошенко Петрос дIахьедар дина, Киево леррина дIа ца белла Украинехь лецна оьрсийчоьнхой, Донбассерчу сепаратисташца йийсархой хуьйцуш аьлла. Уьш дIахоьцур бац, Оьрсийчохь чубоьхкина украинхой дIахеццалц, билгалдаьккхина Порошенкос, хаам бо "Strana.UA". Кхаарин дийнахь Донецкан кIоштахь Горловка гIалана гергахь йолчу "Майорск" чекхволуьйтучу пунктехь украинхойн эскархоша а, ДНР а, ЛНР а олучу тобанашкара Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа а хийцина йийсархой. Сепаратисташа 74 йийсархо дIахоьцург Киево дIавелла 238 стаг.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus