22 эзар вахархо махкахвала бакъо йоцуш ву Нохчийчохь
Цуьнах лаьцна хаам бина Федералан пурстоьпийн сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.
Махкахвала дихкина хиларх лаьцна вахархочо хатта деза ша вехачу меттехь болчу пурстоьпашка. Декхар ду-дац хьажа иштта аьтто бу иштта Федералан пурстоьпийн сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан сайта тIехь а.