Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18

Новости за 29.12.2017

Radiomarsho.com 

Кадыровна къола дина Москох

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан гIоьнчо Кадыров Хьасайна Москох гIо дехна низамаш лардечу органашка, шена къола дина аьлла, яздо «Московский комсомолец» газето.  Кадыровс яздинчу дIахаийтарца, ГIура-беттан 26-чу дийнахь сарахь 10 даьллачул тIаьхьа Москох Ленинградан проспектехь цуьнан Mercedes машен чуьра лачкъийна ахча а, iPhone 6 а, iPad а чохь йолу тоьрмиг. Зе дина хилла Кадыровна 600 эзар соьмана.   Цхьа де а далале къоладинарг лаьцна полицино. Иза ву 51 шо долу болх боцуш лелаш волу Тула кIоштара вахархо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Герзхоша лачкъийна хилла 7 стаг дIахецна Нохчийчохь

Кхушеран лахьан-баттахь герзхоша лачкъийна хилла Соьлж-ГIалара 7 стаг къйлахчу набахтера дIахецна бутт гергга хан яьлча, хаам бина "Мемориал" центро. И нах тIеман баркзакъ доьхна хиллачу наха дIабигнера Дикаев Зелимхан цIе йолчу стеган хIусамера, яздо "Кавказский узело". Мемориало дийцарехь, Дикаев а вара лачкъийначу нахана юкъахь. Ткъа хIинца хиъна и 7 стаг ГIура-беттан 18-чохь дIахецна хилар, хаам бина "Мемориало". Уьш латтош хилла къайлахчу набахтехь, боху бакъонашларъярхоша.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан С-400 ракетийн комплексаш оьцуш ю туркоша

Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а барт бина Оьрсийчоьнан С-400 ракетийн коплексашца боьзна мах барца боьзна. Цу контрактан барам бу 2,5 миллиард доллар. Цу ахчанах ах сов Москохо Анкарана лур ду юхалург. Комплексаш дIакхачор йолуш ю Туркойчу 2020-чу шеран Зазадоккху-баттахь. НАТО юкъаозийна а йоцуш, туркоша йина йолу уггаре а йоккха контракт ю иза. Оьрсийчоь а, Туркойчоь а и мах беш бертаяхаро синтем байина НАТО-на юкъахь. Туркойчоь декъашхо ю Къилбаседа Аталантикан тIеман альянсан. Пентагоно билгалдаьккхина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хьалхара доьзалхо хиллачу доьзалшна гIо дарх лаьцна низам тIечIагIдина Путина

Доьзалхо дуьненчу ваьлча, я бер доьзале далийча хIора баттахь ахча даларх лаьцначу низамна тIе куьг таIийна Путин Владимира. Цу документаца а догIуш, бер динчу я далийначу доьзална ахча лур ду ахча цхьа шо ялх бутт заманчохь. Цул сов, цхьана шарахь эха шарахь хIора баттахь ахча лур ду шолгIа бер диначу я далийначу доьзалшна а. Цу хьашташна хьажор ю ненан капиталан фонд. Путина тIечIагIдина низам болх бан долалур ду 2018-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

Radiomarsho.com 

Кадыровс бехкейина Iамерка шен язбалархойн бакъонаш талхорна

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехке йина Цхьаьнатоьхна Штаташ, шен социалан машанашкахь йолчу агIонашка язбеллачу нехан бакъонаш талхорна, яздо Кавказ.Реалиино. Кадыровс дийцарехь, Facebook-хь а, Instagram-хь цуьнан виъ-виъ миллион язвалархо (subscriber) а вара, цу гайтамца иза Iамеркехь 3-гIа меттиг дIалоцуш а вара. Амма Оьрсийчоьнан агенталлаш дийцарехь, кхушеран Чиллан-баттахь бинчу талламца оьрсийчоьнхойн «седарчашна» юкъахь Кадыровс дIалоцуш яра оьзда 37-гIа меттиг. Ткъа Iамерка хьахийча... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гуьмсехь схьайиллина вокзалан комплекс

Гуьмсехь схьайиллина автобусийн а, цӀерпоштнекъан а вокзал. Цунах лаьцна хаам бина НТВ телеканало. Вокзалан комплексан барам бу 4 эзар еакIов метр.   Керла гIишло Гуьмсехь ян йолийнера 5 шо хьалха. Цу Iалашонца вовшахъяккха дийцира шира вокзал.

Radiomarsho.com 

Уггаре лахарчу алапан барам алсамбаьккхина Путина

Уггаре лахарчу алапан барам алсамбоккхучу низамана тIе куьг таIина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Эххаре а иза цхьаьнабогIуш хир бу адамана даха лаххара оьшучу ахчанан барамца. И документ зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан низамашца боцначу хаамийн порталехь. Цу тIехь болчу хаамца, 2018-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйнабаттахь лучу уггаре лахарчу алапан барам хир бу 9 489 сом. Иза ю Оьрсийчохь адамана даха лаххара а оьшучу ахчанан бараман 85 процент (11 163 сом).   2019-чу шеран... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

22 шо даьлча карийна тIамехь яйна йоI

Соьлж-ГIалин яхархочун Ибрагимова РабIатан цIахь самукъане ду. Кху шина-кхаа дийнахь цаьрга хьеший бу оьхуш, иза а, цуьнан йоI Хьава а декъалйеш. 22 ши шо хьалха къаьстина хилла, хIинца бен вовшах ца кхетта наний, йоIIий. Хьава дукха жима йолуш яйна хилла цуьнан...

Radiomarsho.com 

Кадыровн Facebook-ера агIо дIалаьцна турагенталло

Кадыров Рамзанан Facebook-ехь хилла агIо дIалаьцна дIоггара баш евзаш йоцучу Уралерчу туризман агенталло. Иза нисделла адрес маьрша даьллачул тIаьхьа – Кадыровн аккаунт а, цу тIехь хилла йоза а кхин йолу информаци а дIаяйина, хаам бо vesti.ru сайто. Карарчу хенахь Кадыровн социалан машанашкахь йолу агIонаш ишттачу хьолехь ю: Facebook-о дIадаьхна дерриг а сурташ а, йозанаш а. Цигахь реклама а ю, "RKAdyrov" аьлла  жимачу элпашца йоза а ду. Instagram-ехь изза хьал ду, цигахь яздина ду «агIо еллалуш яц». Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus