Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18

Новости за 30.12.2017

Radiomarsho.com 

Кадыров дагахь вац Facebook-е юхаверза

Facebook-о агIо дIакъевлинчу Кадыров Рамзана тIечIагIдина, шен хилла адрес дIалаьцнарг "Креол Тревел" олу туризман компани хилла хилар. Шен Telegram-рчу аккаунтехь Кадыровс хаам бина, шен векалша цу компаница дийцарш дIадаьхьна хиларх лаьцна а, цуьнан куьйгалхой цу агIона тIера дIабовла реза хилла хиларх лаьцна а. Кадыровс чIагIдарехь, Facebook-хь цуьнан хиллачу аккаунтана доладеш ву цуьнан векал. Амма ша цуьнах пайда эца дагахь вац боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цуьнан бахьанашна юкъахь ду боху Кадыровс... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Керла Шо-94. Соьлж-ГIала. Жоьжахати.

…Керла Шо ши синхаам бохьуш догIу Венехь вехачу Якъубна. Цхьаъ делахь – шен доьзалерчу берашна дезаде. ШолгIа делахь – Нохчийчоь яккха баьхкинчу федералаша Соьлж-ГIалахь хIоттийна жоьжахати дагаэхар. 1994-чу Керлачу Шеран цIаро дагийна де-буьйса дагалоьцу тIемалочо.

Radiomarsho.com 

Даудовс дов дина Шелахь нехан хIусамаш йохош видео яьккхинчарна

Нохчийчуьрчу Iедалхоша, телевионехула а гойтуш, дов дина Шелахь цIенош дохош гойтуш видео яьккхинчу нахана. Цу гIалахь Кадыровн цIарахчу маьждиге а, "Шали-сити" лекхачу цIенойн комплексе некъ буьллуш йохош дIайохуш ю нехан хIусамаш. Парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада гулбинера шелахой цхьана хIусамехь. Видеон авторш дIахIиттийнера сцени тIе, шайна дохкучу бехкашка цаьрга, массерна а гойтуш, ладогIийта. Сюжет гайтина ЧГТРК "Грозный" канало. Лецнарш бехке бина Даудовс Ичкерица зIенаш латторна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровс петарийн догIанаш делла боберашна

Кадыров Рамзана да-нана доцуш кхуьуш а, кхиъна а долчу 32 боберана керлачу петарийн догIанаш а, документаш а дIаделла, хаам бо цуьнан зорбанан сервисо. Царах цхьаъ ю, 5 бутт болуш да-нана а кхелхина, йисина хилла 23 шо долу Иласхан-Юьртара Бисиева Жаннат. Девашас кхаьбна йолу иза хIинца шен а 2 бер (2 шо а, 5 шо а) а долуш ехаш ю. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, тIемаш бахьанехь 3 эзар гергга бераш дисина Нохчийчохь да-нана доцуш. Царна дахарехь дIанисбала луш ю Iедало хIусамаш. Кадыровс дийцарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Террорхошна гIо динарг валлалц чувуллур ву Оьрсийчохь

Орсийчоьнан президенто Путин Владимира 29-чу дийнахь тIе кьуг таIийна терроризм лело ахчанца гIо динарш а, цунна юкъа нах ийзийнарш а баллалц чубохка бакъо луш долчу низамана. И тайпа зуламаш деш болчу нахана таIзар дан аьтто хир бу Оьрсийчохь бархI шо хан тохарна тIера валлалц чуволларна тIекхаччалц. ТАСС агенталло бинчу хаамца, хьалха Оьрсийчохь терроризмана юкъа нах ийзочу зуламхошна 10 шо хан тохара, набахтехь яккха.

Radiomarsho.com 

Хьалхара ТIом

23 шо хьалха, 1994-у шеран ГIуран-баттахь, луьра тIом болало Нохчийчохь. Оцу хенахь Оьрсийчохь президент хиллачу Ельцин Бориса, шен политикин хьелаш тодархьама, эскарш хьажадо Нохчийн Республике, низам а, къепе а, юкъараллин кхерамазалла а дIанисъян еза, олий. Оцу хенахь болийна болу тIом хIинца а буьззинчу барамехь бирзина бац махкахь.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus