Гуьмсехь тIелатар ца дина, паспорташка хьовсуш раж хилла
"Новая газетан" 20 хьостано а, Гуьмсехь Горькийн урамехь вехачу 17 вахархочо а бакъ ца йина, Гуьмсехь 400 эскархочо ЯмадаевгIеран хIусамашна тIелатар дина аьлла, "Росбалт" агенталло Iораяьккхина информаци. Газетан хьосто тIечIагIйина Кадыров Рамзанан пресс-секретаран, цу кIоштахь паспорташ толлуш полисхой бара боху информаци. Хила тарло полисхоша лоьхуш волу Ямадаев Iийса, байинчу вежарийн ЯмадаевгIеран Сулиман а, Русланан а ваша, Кадыровн чIирхо Гуьмсехь гучуваьлла боху хаам зен арабевлла хилла а полисхой. Читать дальше...