Москохарчу студенте гечдар дехийтина кегийрхой дIабаьхна университетера
Оцу документца а догIуш, шолгIачу курсехь доьшуш хилла Кодзоев Мурат а, хьалхарчу курсера Ракитин Петр а, Новосильцев Николай а, Саркисян Георгий а, Хамхоев Рашид а доьшийлера мукъаваьккхина..
Кавказера мехкаршна хIунда ца мега оьрсийн кегийчу нахаца гергарлонаш лело аьллачу хатарна гонах социалан машанехь иккхинчу девнехь, Князев Алексейс, хIора стеган бакъо ю шен дахар шена луъучу кепехь дIанисдан, адамийн бакъонаш хьеша оьшуш дац аьллера.
Цуьнан жоп цатайначу кавказхоша Москохарчу студентна Князев Алексейна кхерамаш туьйсуш, маьттаза мотт а лебеш, тIедожийна хиллера мехкарий къинтIерабахар.
Цул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан президентехула йолчу юьртабахаман Академин студентна масийттазза тоха а тоьхна, гечдар дехийтира.
Академина гена доццучу меттиге иза дIа а вигина, кавказхой къинтIера бахийтина кIанте, дерриг видео тIе дIа а яздеш..
Талламан комитето листа долийнера и гIуллакх.