Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Декабрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18

Новости за 31.12.2017

Radiomarsho.com 

Нохчийн даар: Далнаш

Атарех йина далнаш вайнехан уггаре ширачу даарех ларало. Новкъа хир яц уьш таханлерачу Керлачу Шеран шуьнехь а! Уьш еш гойту Венерчу кхачан говзанчас Исханова Айзас.

Radiomarsho.com 

24 шо хьалха кхелхинчу гуьржийн президентан Гамсахурдиан гIаролхочо дуьйцу хилларг

24 шо хьалха, ГIура-беттан 31-чу дийнахь 1993-чу шарахь, Гуьржийчуьрчу Дзвели Хибула эвлахь кхелхира Гуьржийчоьнан хьалхара президент Гамсахурдиа Звиад. 1992-чу шарахь, дуьххьара Нохчийчохь Маршонан де даздtш, Соьлж-ГIала баьхкинчу хьешашна юкъахь вара гуьржийн лидер. ТIаьхьо, махкахь карчам хилча, Нохчийчохь хан яьккхира цо. Цу шерашкахь цуьнан тIаьххьара де тIекхаччалц Гамсахурдиана уллехь хилла ву президентан гIаролан куьйгалхо хилла Марголани Роберт. Маршо Радионна еллачу интервьюхь цо дагалоцу и хан.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалхойн алапех хаам къайлабаьккхина финансийн министралло

Оьрсийчоьнан финансийн министралло федералан министрийн 2016-чу шарахь хиллачу алапех лаьцна хаам дIабаьккхина шен сайта тIера. Цунах лаьцна хаам бина РБК портало. Хьалхо цу министралло зорбане хаамаш баьхнера, шайна юкъахь цкъа далийна доцу федералан Iедалхойн алапаш а долуш. Цу хаамашца а догIуш, Iедалан белхахошна юкъахь стохка уггаре лакхара алапа оьцуш хилла финансийн министр Силуанов Антон – 1 миллион 730 эзар сом баттахь. Экономикан кхиаран министран беттан алапа хилла 2016-чу шарахь 1 миллион 270 эзар сом. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров: Шемара тIеман хьалханча ву йийсаре ван лууш

Шемахь тIом беш волу тIемалойн хьалханча йийсаре ван лууш ву, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо шайца зIене ваьлла боху дош лелаш волу а, шен "куьйгакIеллахь бIеннаш эзарнаш" тIемалой болу а и стаг, хаам бо kp.ru сайто. "Иза ши-кхо кIира хьалха зIене велира, караван лууш вара иза. Хаьттира цуьнга: "Мичахь ю хьан "шайка""? Цо элира, хIаллакбина", - балийна шайн хиллачу къамелан чулацам Кадыровс РИА Новости агенталле. Цо чIагIдарехь, Шемахь баш бисина а бац Оьрсийчуьра схьабевлла нах тIемалошна юкъахь. Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus