Украинан дозана тIехь тIом боьду доьалгIа кIира а ду. Оьрсийчоьнан агрессин коьрта рупор хилла вуьсуш ву Кадыров Рамзан. Денна аьлча санна, социалан машанашкахь кхерамаш туьйсу цо украинхойн тIемалошна, шогачу кепехь вистхуьлу украинхойн Iедалхошка, президенте Зеленский Владимире а, барзакъца эскархой гойту, цо бахарехь, "цIоганчех а, нацистех а Украина дIацIанъян" кийча болу. Хьалхо Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша дог догIуш пайдаоьцура цуьнан эмоционале постех. Савва Михаил – профессор ву, политикан Iилманийн доктор ву... Читать дальше...
Украина Iалашъечу, шайн лаамехь вовшахкхеттачу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу нохчийн батальонан командиро Осмаев Адама Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь тIечIагIдина, тIемаш боьлхучу аренашкахь дIасауьду кхечу дакъойн эскархой сецош, нохчийн Росгвардех "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хиларх. "Цул совнах, дуккхаъчу оьрсийн тIемалошна ца беза кадыровхой, царна тешнабехк бан а гIерта. Со цецвер вац, нагахь санна, царна юкъахь тийсадаларш хилахь, оха цуьнан терго йина кест-кеста Нохчийчохь", - билгалдоккху къамелдинчо. Читать дальше...
Зазадокху-беттан 21-чу буса Нохчийчьра бюджетан белхахой бертаза гулбинера Соьлжа-ГIалахь, вовшахкхетта, буьйсанна ден тахIаджуд ламаз (къаьсттина буьйсанна Деле доIанаш дар деза лоруш ду динехь) дан. ДоIанаш деш, ламазаш дира цара, Украинехь болу нохчийн тIемалой "Iалашбар" доьхуш, дийцина Кавказ.Реалиига тахIаджудехь дакъалаьцначу меттигерчц бахархоша. Цул хьалха мессенджерашкахула хаамаш баржийра, кIошташкахь билгалъяьхначу меттигашкахь гулбалар тIедожош, цигара дIа транспорт хир ю Соьлжа-ГIала дIабига цаьрга хьоьжуш, бохуш. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан эскаран декъехь тIемаш бан махкара шайн лаамехь вовшахкхеттачарех керла батальон Украинан дозана тIе кхачарх хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Телеграмерчу шен каналехь яздина цо цунах лаьцна. "Керла тIебаьхкинарш тIелецира сан хьомсарчу ВАШАС Делимханов Адама (Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентера депутат – Редакцин билгалдаккхар.)", - яздина Кадыровс. Цо бахарехь, шайн лаамехь Украине бахначара дIахьедина, "вайн даймехкан хьаштийн дуьхьа тхайн вежарийн агӀонах агӀо а тоьхна... Читать дальше...