Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш дуьхьалъяьхна Нохчийчуьрчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана чудогIучу Курчалойн декъана а, бакъоларъяран органийн цхьа могIа белхахошна а: Курчалойн кIоштан ГИБДД-н декъан хьаькамна Хутаев Хьусайнна а, талламхочунна Саламов Нуридна а, Устрада-ГIалин прокурорна Ахматов Джабраилна а. Иштта документа тIехь билгалбаьхна Оьрсийчоьнан тIеман министраллин гIовсаш: ГIалгIайчоьнан хилла куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек, Цаликов Руслан (Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо)... Читать дальше...
Европерачу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнан бахархойн латкъамаш листар а, керланаш тIеэцар а сацийна. Делахь а дукхаха болчу Къилбаседа-Кавказерчу бахархошна Страсбургера кхел, нийсоне цара сатуьйсу тIаьххьара инстанци яра.
Оьрсийчоь Украине гIортарехь дакъалоцуш болчу Нохчийчуьрчу тIемалойх бIе стаг хIаллакхилла, Зазадокху-беттан 13-чохь Соьлжа-ГIала юхабаьхкина бисинарш. Цунах лаьцна хаам бина Украинан кхерамзаллин сервисо (СБУ). СБУ-н иччархочунна тIетевжина, Свобода Радион украинхойн сервисо яздина, Украине хьовсийначу Нохчийчуьрчу эскархошлахь эшамаш хиларх. "Чиллан-беттан 26-чохь Украинан дозана тIехь аэропорт йолчу кIоштахь Гостомелехь десантан операци ян гIертачу юкъанна 450 кадыровхо чуван хьоьвзира. Цунах гIуллакх ца хилира. Читать дальше...
Гоьваьллачу миссионеро, Москван патриархиин цхьахволчу коьртачу протоиерейс Ткачев Андрейс дIахьедина Оьрсийчоь Украинана тIелаттачу юкъанна "оьрсийн-нохчийн вежаралла" кхолладаларх. Зорбанан гIирсашкахь уггар а коьртачу спикерех цхьаъ хилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан – хIора дийнахь видеош зорбане йоху цо, Украинана дуьхьал Орсийчоьно болийначу тIамехь дакъалоцучу Нохчийчуьрчу эскархойх. МозгIара дIахьедина, "шен са а, пха а ма-кхоччу оьрсийн цицилизацех ву" Кадыров. Иштта цо билгалдаьккхина... Читать дальше...
Шен телеграм-каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьединера, Луганскан кIоштарчу Рубежное гIалахь тIемаш беш бу Росгвардера нохчийн эскархой аьлла. Оцу юкъанна Украинан ТIеман ницкъаша бакъ ца дина политикан дIахьедар, ткъа шайн лаамехь вовшахкхеттачу батальонан куьйгалхочо Осмаев Адама пиар ю аьлла, яздо Кавказ.Реалиино. Рубежное гIалех лаьцна хIоттийначу постехь Кадыровс билгалдаьккхина, цу чохь нохчийн эскархой бу аьлла. Кадыровн постаца цхьаьна Луганскан кIоштан тIеман администрацин... Читать дальше...