Оьрсийчоьнна дуьхьала украинхойн къомо бечу тIамах схьакхета аьлла, кхайкхамбина шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан командиро ЧIебирлойн Муслима нохчашка а, гIалгIашка а. Цуьнан кхайкхам фейсбукерчу шен пена тIехь зорбане баьккхина Нохчийчоьнан экс-президентан Масхадов Асланан кIанта Масхадов Анзора. "Доллу маьршачу, прогрессиван адамаллин кхолламан йист йоккхуш ю тахана, хIора маршо езачу стеган бакъо яц юьстах Iен, - яздина ЧIебирлойн Муслима. – Оха кхайкхамбо цаьрга, Украинан президентан... Читать дальше...
Чиллан-беттан 26-чохь дуьйна, Оьрсийчоьно тIелатар долийначу хьалхарчу деношкахь тапъаьлла Iийна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан махкара Украине бахийтинчаьрца а, Украинан эскархошна а, иштта пачхьалкхан суверенитет Iалашъечу нохчийн шайн лаамехь тIаме хIиттинчарна а кхерамаш туьйсуш, видеош денна зорбане хIиттон ваьлла телеграмехь а, кхечу социалан машанашкахь а. Ма-дарра аьлча, Кадыров цхьаъ бен вац Оьрсийчоьнан лакхарчу дарже хIиттийначу хьаькамех, маслаIатан дийцарш севцначул тIаьхьа диллина шога... Читать дальше...
Керла низамаш юкъадаьхна Оьрсийчоьнан Центробанко карахь долчу валютаца – Оьрсийчоь Украинана тIелатарца доьзна малхбузен пачхьалкхаша цкъа а ца хиллачу кепара санкцеш царна дуьхьалъяьхначу хьелашкахь. Банкашна доьхкур ду бахархойн кара валюта йохка, ткъа валютан чоьташ тIера 10 эзар гергга долларшкахь бен ахча схьаэца магор дац, дисинарг – ахча дIалучу дийнахь йолчу курсаца соьмашкахь лур ду. Оьрсийчоьнан банко цIе яьккхина низамаш цхьана ханна ду, чIагIдарехь, цара болх бийр бу эхашарахь - Зазадокху-беттан... Читать дальше...