Ультра аьтто Freiheitliche Partei Österreichs партино (FPÖ, Австрин маршонан парти) дехна Украинерчу оьрсийн тIеман агрессина дуьхьала арабовла гIертачу нохчийн мухIажаршна депортаци яр. ТIе ца эцначу Нохчийн республика Ичкерин (ЧРИ) Австрера векалша сийсазе дIахьедарш ду уьш, аьлла. Венера FPÖ декъан векало Непп Доменика журналисташка аьлла, Венера Украине баха кечбеллачу мухIажаршкара "махкахь ваха бакъо схьаяккха еза, муьлххачу шен лаамехь тIемало хиллачаьргара". Австрехь ехачу ЧРИ-н жигархочо Дунаева Розас дийцина Кавказ.Реалиига... Читать дальше...
ТIеман барзакъ доьхна, шайлахь герзанаш долуш нах гойту видео гIаръяьккхина Кадыров Рамзана, оцу кIелахь Украинехьа тIомбечарна кхерамаш тийсина цо, шен декъехь Нохчийчуьра схьабоьвллачарна а. Хьалхо Оьрсийчоьнан регионан хьалханчас бакъ ца дора тIаьххьарнаш Киеван агIо лаьцна тIемашкахь дакъа лоцуш бу бохург. Украинехьа тIом бан бахначу Евробертан пачхьалкхашкара нохчашлахь кIезга бац хьалхара а, шолгIа а оьрсийн-нохчийн тIемашкахь дакъалаьцнарш, аьлла Кавказ.Реалиига Венера Kulturverein Ichkeria-н... Читать дальше...
Нохчийчуьрчу Гермачигахь 200 гергга хIусам дIахьакха дагахь бу маьждиг дархьама. Кадыровн урамехь беха бахархой саготта бу, шайн цIенош дIа а дохийна, лела некъ шорбан Iедалхойн Iалашо хиларна. Кавказ.Реалиин корреспонденте дийцина цара цунах лаьцна. Нохчийн паччхьалкхан телехьожийлехь гайтира, маьждиг дан дагахь хиларх сюжет. Юьртан юккъехь стохка дуьйна 4,5 эзар стагана лерина маьждиг деш белхаш бу болийна. Доза шордархьама меттигерчу Iедалхойн Iалашо хилла, нехан хIусамаш а, уьйтIеш а дIайохон, дIахьедина эвларчу бахархоша. Читать дальше...
Европерчу адамийн бакъонийн кхеле дуьззина арз дIахьажийна "Iазапашна дуьхьалояран Комитето", полисхочунна тIелеттера аьлла, бехкейина Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латточу бакъоларъярхочун Янгулбаев Абубакаран ненан Мусаева Заремин гIуллакхехула. Мусаеван гIуллакхехь Европан Конвенцин дахаран бакъонан а, коьртачу маршонан а, бакъонаш ларъяран а бархI къепе йохийна аьлла хета бакъоларъярхошна, хIунда аьлча, инсулинах йоьзна, диабетца йолу Мусаева бертаза Соьлжа-ГIала дIаюьгучу заманчохь яларан кхерамна бухахь хилла иза. Читать дальше...