Чиллан-беттан 24-чу буса Оьрсийчоьно тIелатар долийра Украинан дозанашна. Карарчу хенахь кеп-кепарчу кIошташкахь луьра тIемаш бу беш. Боккхачу кхерамна бухахь ю Харьков, Херсона, Чернигов, Сумы, Мариуполь, Оьрсийчоьнан тIеман техникан ковран доккха дакъа Киев гIалина герга гIерташ ду. Дахначу оршотан дийнахь Гомельскан кIоштахь дуьххьара, тIом болабелчхьана, дийцарш хилира Оьрсийчоьнан а, Украинан а векалийн, хаъал жамIаш ца хилира царех а. Украинера хаамаш кхочу, пачхьалкхана динчу тIелатарехь дакъалоцуш Нохчийчуьра эскархой а бу бохуш. Читать дальше...
Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан урхалхочо Ибрагимов Iийсас видео дIаязйина, социалан машанашкахь эфираш хIитточу нохчийн зудаберашна кхерамаш туьйсуш. "ХIан-хIа, хьуо нохийн йоI, нохчийн мотт буьйцуш хиларе терра, хьайн телефоначухула эфираш ахь дIахьура яц. Шу хьех-марах чекхдевлла суна, буьйсанна шиъ-кхоъ даьлча эфирашка дуьйлу шу. Ас иттаннашкахь леца а лецна, гойтур ду шу… Шуна дика хаьа, шу карор дуйла….Ларлуш хила. Ас дош ло шуна- йоккха сюрприз ян", - дIахьедина цо, "ЧП/Чечня"... Читать дальше...
Янгулбаев ИбрахIим – Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан хиллачу суьдхочун Янгулбаев Сайдин а, полисхочунна тIелетта аьлла, бехкейина, лаьцна латтош йолчу Мусаева Заремин а кIант, террорхойн а, экстремистийн а тептаре вазвина Росфинмониторинго. 27 шо долу Янгулбаев ИбрахIим 11741-чу номерца вавьккхина тептаре. Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Янгулбаевс билгалдаьккхира, "Iедална дуьхьал дош олуш волу муьлхха а хила йиш ю оцу тептарехь". Оцу юкъанна къамел динчо къастийра, ша дозанал арахьа вехаш хилар а... Читать дальше...
Нохчийчохь социалан машанашкахь аудиош яржийна, цу тIехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедожийна бошмаш, латтанаш дIаде ялтех аьлла. Берриг а дIасакхоьхьуьйтург ши хаам бу. Хьалхарчу ауди тIера аз тера ду вице-премьеран Усмаев ВахIитачух, шолгIаниг – парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадчух. Карарчу беттан 2-чохь министрийн кабинетца а, Нохчийчоьнан урхалхочун администрацица а дIаяьхьначу кхеташонехь Кадыровс бинчу сацамах кхетош ву и шиъ: "Латтанаш дIаде, вай ваьш хила деза хIуъа кхиина а цхьа хIума кхиош... Читать дальше...