Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада дIахьедира, Чиллан-беттан 24-чохь Украинана тIелеттачу Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIом бан Европехь беха нохчий кийча хиларх. Цо бахарехь, дуккха а Европера нохчий зIене буьйлу цуьнца. Ичкерин Украинаца бертан куьйгаш яздина, лаам болчех тобанаш вовшахтоха ша кийча ву аьлла, билгалдаьккхина политико. "И процедура оьшуш ю, Женеван конвенцино шен лаамернаш Iалашбина хилийтархьама. Украинхойн къоман бакъонан тIамехь тхайн дакъа хилийта дог реза ду тхо" – билгалдьаккхина Закаевс. Читать дальше...
Оппозицин нохчийн блогерша а, телеграм-каналаша а хаамаш бо Украинехь байъинчу Нохчийчуьрчу эскархойх. Туркойчохь вехачу Халитов Хьасана зорбане яьхна, байинчийн гергарчара а, бевза-безачара а кадамаш беш зорбане даьхначу суьртийн скриншоташ, яздо Кавказ.Реалиино. Иштта яржийна, нохчийн маттахь зудчо, шен виъе а кIант вийна бохуш, дуьйцу аудиош. "Хьо цуьнга сатуьйсуш Iа, цхьаммо а бехкаш ца доху хьоьгара. Виъ кIант дIаваоьллина ас айса а. Дала тIаьхьакхиайойла хьо царна! Массо а кIант дийна, могуш цIа верзавойла", - боху зудчо. Читать дальше...
2013-чу шарахь Бостонерчу марафонехь теракт динчу Царнаев ДжовхIарна хьалхо вен кхайкхийна таIзар хийцаза дитина Американ Лакхарчу кхело федералан урхаллерчу ялх стага кхаанна дуьхьал даьккхинчу дехарца. Суьдхочо Томас Кларенса дуккхахболчарна хетачуьнца билгалдаьккхина, нийсонца гIуллакх листа озабезам боцчу жюрис Царнаевн конституцин бакъо йохийна яц аьлла, яздо Кавказ.Реалиино, СNN канална тIетевжина. Дукхаболчу кхелахоша дина хьесапаш довзуьйтуш, оцу юкъанна суьдхочунна Брейер Стивенна хетарехь... Читать дальше...