Дозанна гергарчу Фортанга хийистехь нохчийн Iедалхоша йистош чIагIъеш болийначу белхашна тIехула хиллачу инцидентна комментарий йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Луларчу республикан юкъаралле а ца хоуьйтуш, уьш болорна а, хин харш хийцарна кхоьруш а ГIалгIайчуьрчу Сунжа кIоштахь халкъан гулам хIоттийнера. "ГIалгIайчоьнца долчу дозанийн тема меттахъяьккхина ас. Кхайкхамбина вежараллин халкъе, националистийн карта ловзо яьлла питанчийн цхьа тоба сацае аьлла. И хааттар дIакъевлина ду гуттаренна а... Читать дальше...
Лаьцна латточу Гуьржийчоьнан президент хиллачу Саакашвили Михаилан эзара агIончаш митинге бевллера парламентан гIишлона хьалха. Цара тIедожийнера, политик дIахецар, я набахтин дарбан цIийнера бахархойн лазартне дехьаваккхар. "Миша! Миша!" бохуш, маьхьарий деттара акцин декъашхоша. Дукхахйолчу транспоранташ тIехь яздина дара "#FreeSaakashvili". "Эхо Кавказа" портало хаамбарехь, парламентан гIишлонна уллора Руставелин проспект полицино дIакъевлинера. Саакашвилин лоьраша а, адвокаташа а боху, цо мацалла хьоьгу 44-гIа де ду... Читать дальше...