Куразов Заур – Бельгера нохчийн документалист. Пхи шо хилла цуьнан, церан доьзал тIамах бедда, хIинца ша бехачу Европе кхаьчча. Гентан синмехаллийн Паччахьан академехь Iаьмийна цо шена кино яккха а, аудио-гайтам исбаьхьалле берзо а. Цуьнан фильмаш ю иэсана тIехьажийна а, къоман синмехаллаш язъеш а, мухIажирех а, гуманитаран кризисех а лаьцна. "Хан ю" – иза режиссера Нохчийчохь яьккхина, цуьнан хьалхара фильм ю. Юьртахь ехачу ненах а, йоIах а лаьцна дуьйцу цо. Лайша дIалаьцначу, тийна лаьттачу цIа... Читать дальше...
Аль-Багхуз Фавкани гIалана хIаваан тохарш дича вийра 60 сов маьрша вахархо
"Яблоко" партин гIалмакхойн декъан гIантдас Боромангнаев Бытыра хаттам хьажийна ГIалмакхчоьнан куьйгалхочуьнга Хасиков Батуга, кадастран картица хIоьттинчу хьолах лаьцна, яздо Кавказ.Реалиино. Оцу карти тIехь гIалмакхойн жимачу республикан территори жимъелла эзар сов еъкIо километарна - 75,9 эзарна тIера 74,7 эзарна. И территори хIинца гойтуш ю Астраханан областан йолуш санна. Хасиковн цIартIе дахьийтинчу кехата тIехь дуьйцуш ду, 1943-чу шарахь ГIуран-баттахь ГIамакхойн АССР дIаяьккхинчул тIаьхьа... Читать дальше...
ГIадужу-беттан юьххьехь йиллинчу хьосташкахь видео гучуелира Саратоврчу тутмакхийн ОТБ-1 дарбан цIийнехь а, кхин а масех Оьрсийчоьнан регионашкарчу колонешкахь а гIело латтош гойту. Материал ара а яьккхина, Gulagu.net проектан жигархошка дIакхачо аьтто белира тутмакх хиллачу программистан Савельев Сергейн. Видео зорбане яьккхинчул тIаьхьа Савельев а, цунна тIаьххье Gulagu.net проект вовшахтоьхна Осечкин Владимир а федералан лехамашка велира. Бакъду, эххар а прокуратуро юхаийцира хьалхарниг лаца бина сацам. Читать дальше...
Кхушара Дечкен-баттахь дуьйна Гадужу-батте кхаччалц лаьрча, террорца доьзна зуламаш дарехула йолу хьалхарчу 10 лидерна юкъахь ю Къилбаседа Кавказан федералан гонан 5 регион. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуран бакъонан статистикин официалан сайта тIехь. Ерриг а Оьрсийчоь схьаэцча, хьалхарчу меттехь ю Дагестан. Оцу республикехь регистраци йина терроран чулацм болчу 432 зуламна. ШолгIачу меттехь ю Нохчийчоь. Цигахь дина 115 зулам. ГIалгIайчоь дIанисйелла 4-чу меттехь (99 зулам). Читать дальше...
Астраханехь кхело шина баттана - ГIуран-беттан 23-чу кхаччалц - чуволла сацам бина меттигерчу кафехь, стоьла тIера ког дIабаккха аьлча, шина йоIана йиттина волу ши стаг. Цаьршинах цхьаннан Джамалов Хьасанан зудчо дийцина Кавказ.Реалиига, шен майра латарехь дакъалоцуш вацара, цо конфликтана юкъара йоI дIатакхийнера аьлла. Зудчо дийцарехь, эшам хиллачу йоIа кехат яздина талламхошка Джамаловна билла бехк бац шен аьлла. ЙоIа яздина, латар дIадоьдуш, шайна тIе а ведда, ша юьстах дIатакхийра Джамаловс, юха ша "дIатеян а гIоьртира" иза аьлла. Читать дальше...
Оьрсийчоьнан талламан комитет реза ца хилла Иркутскан областехь Ангарскерчу ИК-15 колонехь хан токхуш волчу Нохчийчуьрчу вахархочо Хайдаев Хьумайда, шена тIехь Iазап дина аьлла бина латкъам бахьана долуш бехктакхаман гIуллакх доло. Тутмакх хьийзийна хилла 2020-чу шарахь Охан-баттахь чубоьхкинчу наха оцу колонехь айина бунт охьатаIийначул тIаьхьа. Цул тIаьхьа Хайдаев дехьаваьккхина хилла Иркутскерчу номер цхьаъ йолчу (СИЗО-1) талламан изоляторе. Цо дийцарехь, цига дIакхаьчначул тIаьхьа, цига бигина... Читать дальше...