Пенсхочун дакъа деана Кубанехь Тимашевскийн кIоштан администраце. Гулбеллачара дийцарехь, меттигерчу моргехь дIа ца оьцу иза. Юьхьанца хаам бинера, дакъа деанарг еллачуьнан кIант вара аьлла. ТIаьхьо прокуратуро дIахьедира, иза цига деанарг белларш дIаберзочу доларчу фирмин куьйгалхо хилла аьлла
Бакъоларъяран "Мемориал" ("арахьарчу агентийн" тептаре яьккхина организаци Оьрсийчоьнан Iедалша, "Мемориал" цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.) центро политикан тутмакхех хIоттийначу тептаре ваьккхина, Дечкен-беттан 23-чохь оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша хIоттийначу митингехь полицин белхахойх летта Джумаев Сайд-Мухьаммад. "Мемориална" хетарехь, Джумаев Сайд-Мухьаммадера даьллачух хилла зен дац. Зен хилла бохучу ницкъхошна тIехь уьш Iалашбен экипировка хилла, коьртахь шлемаш а долуш, цундела царна хилла чов яц. Читать дальше...
Туркойчохь веха нохчийн диссидент Iабдул-Хьаьким Шишани (Ажиев Руслан) вен Iалашо хилла, байначу баттахь Истанбулерчу набахте боьхкинчу шпионийн машанан декъашхойн. Туркойчоьнан Къоман иччархойн организацина (MIT) тIетевжина Daily Sabah ресурсо хаам барехь, зуламхой лелаш хилла Нохчийчоьнан урхалхочун Кадыров Рамзанан омраца. Ткъа куьйгалла деш хилла оцу талорхойн пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама а, Forbes журналан оьрсийн версин коьрта редактор хилла Хлебников Пол вийна аьлла хетачу Дукузов Казбека а. Читать дальше...
Ламасте йоцу ориентаци бахьана долуш, 2019-чу шарахь ша полисхоша лачкъорах дийцина Нохчийчуьрчу кхин а цхьана вахархочо, хаамбина цунах лаьцна "Кавказский узел" интерент-ресурсана тIетевжина Кавказ.Реалиино (Оьрсийчоьнан Iедалхоша "арахьарчу агентийн" могIаре язйина гIирс.- Редакцин билгалдаккхар). ЦIера ведда хилла Iазап хьегнарг, амма полисхоша лаца а лаьцна, бутт гергга хан яккхийтина цуьнга ларми чохь. Денна етташ хилла цунна, хIара саннарш (ЛГБТ-н векалш) "дийна бита ца беза" бохуш. Цул тIаьхьа... Читать дальше...
Бакъоларъяран Gulagu.net проектан куьйгалхочо Осечкин Владимира хаам бина телеграм-каналехь, яхначу буса Facebook социалан машано шен аккаунт дIакъовларх. Яздо цунах лаьцна Свобода Радионо. "Цхьа а дIахьедар а, латкъам а бац, сан аккаунт яц-кх. 4 999 доттагI вара сан, агIоне язвелла вара 12 эзар сов стаг, сан кор дара иза - журналисташца а, прессаца а къамел ден", - яздина Осечкина. Фейсбукан компанига кхайкхам бина цо, шен аккаунт дIаяккхарх леррина таллам бе аьлла. Бакъоларъярхочунна хетарехь... Читать дальше...
Книжкаш йоьшурш вайн махкахь кIезиг бу, тергамчийн хьесапца аьлча. 30-40 шо хьалха санна ешаре, библиотекаш хьашт долуш бац таханлера кегийрхой олуш хазахь а, синтеме ду кху интернетан заманахь исбаьхьаллин литературица безам, уьйр йолу кегийрхой хилар. Соьлжа-ГIаларчу библиотекехь дIабаьхьна хIара хаттам
Астраханехь хIинца а лоьхуш ву, Басаевн а, Хаттабан а тобанхошлахь зуламаш лелийна ву аьлла, шеконе эцна, психиатрин лазартнера ведда Алханов Мохьмад. "Цхьаццайолчу Астрахань гIалин кIошташкахь болх беш бу бакъоларъяран органийн белхахой. Меттигерчу бахархошца деш къамелаш ду, цаьрга кхайкхам бо сема а хила, лоьхучуьнца боьзна муьлхха а хаам шайга схьа а хаийта бохуш. 20 сов стаг ваьлла зIене, мехала хаамаш кхачийна цара", - дIахьедина регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша. Цара тIечIагIдина... Читать дальше...
Номер 14 йолчу Ростоврчу шогачу рожан колонехь шина тутмакхо шаьш шайх цIе тесна, набахтен хьаькамийн тIедахкаршна протест кхайкхош, яздо "Интерфаксо". Дуьйцурш хIун тIедахкарш ду агенталлан хаамехь хоуьйтуш дац. Федералан таIзар кхочушдаран урхаллан (ФСИН) комментарехь яздина ду, пхьорах кхеттачул тIаьхьа хантоьхначу шиммо "кафен тховтIе а ваьлла, шайн хечех цIе теснера, цул тIаьхьа шаьшиммо дIа а йойуш" аьлла. Кхечу тобане дехьавала ца лууш дина хIума дара боху цара. ФСИН-н хаамашца, тутмакхашна "тIеххулара жимма чевнаш йина"... Читать дальше...