ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 118 пациент, цомгуш хилла кхин а 1 618 стаг. Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан терахьашца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 45 стаг, Ставропол-махкахь – 44, Кхарачой-Чергазийчохь - исс, ГIебарта-Балкхаройчохь - бархI, Адыгейхь - виъ, ГIалмакхойчохь -кхоъ, Дагестанехь а, Нохчийчохь а - шишша дархо велла, Къилбаседа ХIирийчохь цхьаъ кхелхина. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла лору официал 24 580. Читать дальше...
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехк баьккхина хаамийн гIирсашкара, "кавказхой" декъах хилла Москвахь бераца вогIучу стагана динчу тIелатарна аьлла, зорбане хаамаш бахарна. Оьрсийн Свобода Радионо яздо цунах лаьцна. "Муьлххачу кавказхочунна а санна, суна а кIордийна даим а, цхьа кIезиг даьллачунна а бехкаш тIетиттар. Йоллу интернет шина дийнахь дIаюьзнера, лела ца хуучу массо а кавказхочух дечу дIахьедарша", - яздо Кадыровс. Нохчийчоьнан куьйгалхочо ишта критика йира RT телеканалан коьртачу редакторна Симоньян Маргаритина а. Читать дальше...
Аьтто боцу тIелатар дина Иракъан премьер-министрна Мустафа аль-Казымина. Канцелярино динчу дIахьедарехь боху, дахначу шоьтан Iуьранна Багдадерчу аль-Казымин резиденцина тIелатар дина хилла оьккхуьйтург тIетесначу дронца. Иштта резиденцина тIе ракета а арахецна хилла. Оцу эккхийтарехь зенаш хилла - премьеран хадархой бу уьш. Ша лазийна вац аль-Казыми, пачхьалкхан телевизионехула вистхилла иза, синтеме хила аьлла, кхайкхам беш. Динчу тIелатарх жоьпалла цхьаммо а шена тIелаьцна дац карарчу заманчохь. Читать дальше...