Лаьцна латточу Гуьржийчоьнан президент хиллачу Саакашвили Михаилан эзара агIончаш митинге бевллера парламентан гIишлона хьалха. Цара тIедожийнера, политик дIахецар, я набахтин дарбан цIийнера бахархойн лазартне дехьаваккхар.
"Миша! Миша!" бохуш, маьхьарий деттара акцин декъашхоша. Дукхахйолчу транспоранташ тIехь яздина дара "#FreeSaakashvili". "Эхо Кавказа" портало хаамбарехь, парламентан гIишлонна уллора Руставелин проспект полицино дIакъевлинера.
Саакашвилин лоьраша а, адвокаташа а боху, цо мацалла хьоьгу 44-гIа де ду, иза ледарчу хьолехь а ву. Цара чIагIдо, Саакашвилина гIо дойла ю бозуш боцчу лоьрийн, ткъа спецклиникехь дарба лело оьшу гIирс бац бохуш. Гуьржийн Iедалхоша чIагIдо, экс-президентана мел оьшу гIо шаьш латтош ду бохуш.
Лахьан-бетта 11-чохь ша Саакашвили Михаила хаамбира, Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле ла а доьгIна, мацалла юкъахъяккха дагахь ву ша. Кхин сов даьккхина цунах лаьцна хууш хIума дац.
Гезгмашин-беттан 29-чохь Украинера юхавеара Саакашвили Михаил Гуьржийчу - ГIадужу-беттан 2-чохь дIабаьхьна меттигера Iедалхойн харжамаш тIекхочуш. Саакашвилис кхайкхамаш бора бахархошка, харжамашка гIо, ткъа шозлагIчу дийнахь Тбилисехь акци гулло аьлла. ГIадужу-беттан 1-чохь лецира иза, хьалхо долийначу бехкзуламан гIуллакхийн буха тIехь. Ша лаца ма лоццура мацалла кхайкхийра политико.
Лахьан-беттан 8-чохь дуьйна набахтин дарбан цIийнехь ву Саакашвили Михаил Тбилисин Глдани кIоштахь. Рустави гIаларчу набахтера цига дIавигира иза "цуьнан могушаллин хьал ца эгIийта а, кхерамаш алсамбовларна а".
Лахьан-беттан 9-чохь оппозиционераша а, жигархоша а митинг хIоттийра Гуьржийчоьнан юстицин министраллана хьалха. Саакашвили Vivamedi цIе йолчу доларчу клинике дехьаваккхар тIедожийра цара. Цигахь департаментаца динчу контрактца дукха хьолахь дарба до цомгашчу тутмакхашна.
2007-чу шарахь оппозицин митинг дIайохорах а, ницкъахоша "Имеди" телекомпани хIаллакхъярх а экс-президентна Саакашвили Михаилна дехкинчу бехкашца гIуллакх листа долийра Лахьан-беттан 10-чохь Тбилисин кхелехь. Амма пачхьалкхан пенитенциаран хьукмат дуьхьал хилира Саакашвили кхеле вало. Президент лаьттинчуьнгахь долчу хьолаца буьйзира цара шаьш бина сацам.