ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь велла 11 стаг, цомгашчарна тIекхетта кхин а - 573 стаг. Оперативан штабан информацица, Дагестанехь велла исс, Краснодаран кIоштахь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а - цхьацца кхелхина. COVID-19 вирусах верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг ву 448 пациент. Къаьсттина дукха бу ун дуьлла нах Дагестанехь- 125: Дагестанехь +125 (4 955 ун даьржичхьана) Ставрополан кIоштахь+81(2 485) Краснодаран кIоштахь+80 (3 824) ГIебарта-Балкхаройчохь+77... Читать дальше...
Киеверчу "Залізний тато" ("Болатан дада") арахоьцийлехь зорбане яьккхина Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев ЖовхIаран интервьюн киншка, яздо "Кавказ.Реалиис". Арахоьцийлан долахочо Савченко Дмитрийс дийцарехь, "Лицар свободи"("Маршонан къонах") цIе йолчу жайни юкъа яхана диллинчу хьосташкахь хилла а, иштта, Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаевн доьзало зорба тоха пурба делла а къамелаш. "Тхан гочдархоша украинхойн матте ерзийра и йолу интервьюш. Цуьнан цхьа дакъа хьалха дуьйна публикана девзина ду... Читать дальше...
Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн яккхийчу гIаланашкахь протесташ дIаяьхьна шоьтан дийнахь, къаьмнашлахь лелош йолу дискриминаци йитийтар тIедожош. Йоллу пачхьалкхехь бахархой карзахбевллера, кIайчу полисхочун карах афроIамеркахо валарца доьзна. Дукхахйолу демонстрацеш машарца юьйлалора, амма тIаьхьо ницкъбаре йоьрзура. Протестхоша ца лардора комендантан сахьт, сецайора дIасалела машенаш, цIераш туьйсура, куьзганаш дохадора, полицин леринчу дакъошца тийсадаларш нислора. Флойд Джордж веллачул тIаьхьа Нью-Йоркера а... Читать дальше...
ТIаьххьара шоьтан сарахь еллачу информацица, Нохчийчохь лоьраша коронавирусан инфекци зуьйш, шайн тергоне эцна 5 499 вахархо. Меттигерчу хаамийн гIирсаша бина цунах лаьцна хаам. Могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана дина цу кепара дIахьедар. Верриг а ун даьлла ву махкахь 1 209 дархо. ГIоле хилла, карантинера дIаваьккхина 825 пациент. Эпидеми яьржичхьана кхелхина 13 стаг. Чолхечу хьолехь ву 18 стаг. Пехашка садоIуьйтучу гIирсашна (ИВЛ) тIетийсина бу уьш, иштта кислородан гIоьнца латтош ву 450 гергга пациент. Читать дальше...
Дуьненчохь коронавирусан ун даьллачийн терахь 6 миллионе гIоьртина, ХIопкинс Джонсан Университетан зерашца. Кхелхина вирусах 367 эзар дархо, гIоле хилла 2, 5 миллион пациентана. Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь билгалдаьккхира, ун даьлла нах 5 миллион бу аьлла. COVID-19 инфекци йолу нах къаьсттина дукха бу Iамеркан Цхаьнатоьхначу Штаташкахь а, Бразилехь а, Оьрсийчохь а, Великобританехь а, Испанехь а, Италехь а.
ГIалгIайчуьрчу Сунжехь йоьдучу леринчу операцехь байина меттигера бахархой Мерешков а, Оздоев а. Талламан органаша дина иштта дIахьедар, яздо "Интерфакс" агенталло. Хаамийн гIирсашкахь яздира, шоьтан дийнахь оперативан штабо Сунжехь контртерроран операци дIакхайкхорах, гIали чохь герзаш деттарна. Полисхойн информацица, штурм еш, гучубаьхнера гIаттамхой. Операцехь вийна ши тIемало, хаам бина полисхойн декъерчу хьосташа. Шо доладелчхьана республикехь дIаяьхьна кхоалгIа операци ю хIара. Лерина операци... Читать дальше...
Шо сов бен хан йоцчу Арнеллина орцахбевлла, эцна наха дуьнентIехь уггаре деза лору молха ДIадахначу кIиранах лахьийна даьлла БуьритIерачу дилх ца кхуьучу йоIанна ахча. Цунах боккха кхаъ хилла ерриг а Къилбаседа ХIирийчоьнна. Красноярскерчу маьIданийн магната, футболан «Алания» тобан президента Гуриев Владимира шен накъостаца-совдегарца Дзгоев Тамерланца цхьаьна тIе ца тоьу 50 миллион сом даларо цхьана ханна коронавирусан тема а тIехь йицъяйтира республике. Ахча гулделла цхьа шо ах шо долчу... Читать дальше...