Рамадан-баттахь шайн декхархошна къинтIера а буьйлуш, ахчанаш сагIийна дуьту флешмоб яржийна Нохчийчуьрчу кхачан, духаран туьканийн а, машенаш тоечу станцийн а, аптекийн а, кхечу фирманийн а дайша. БIеннашкахь ю социалан машанашкахула, шаьш "шайн декхархошна Делан дуьхьа дуьту схьадалаза дисина ахча", аьлла хаам баржийна туьканаш. Шаьш айбина болам дIабахбар доьху цара кхечу долахошка а. Шина ойланца бу болам тергалбийраш: цхьаболучара баккхийберца тIеэцна декхарш дитар, хIора шарахь хила деза иштта... Читать дальше...
Къилбаседа ХIирийчуьрчу Ардон кIоштан дарбан хIусамера медйиша дIаяьлла реанимацехь. Лабораторино COVID-19 кхетар тIечIагlдинера цунна. "Цамгар цIахь лайра цо, амма дарбан хIусаме йигира чIагIъелча. Вирусо халчу даьккхинера цуьнгара хьал", - боху Ардонерчу муниципалитетан официалерчу инстаграм-аккаунтехь. Виъ медицинан белхахо велла пехийн цамгарх Къилбаседа ХIирийчохь тIаьххьарчу кIиранах. Хьалхо хаам баьржира поликлиникера а, дарбан хIусамера а цхьацца лор а, медицинан орцан машенлелорхо а кхалхарх лаьцна. Читать дальше...
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь, коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, ши стаг велла, ун кхетта кхин а 472 вахархочунна. Белларш бу Краснодар-махкара а, ГIалгIайчуьра а цхьацца стаг. Юьхьанца дуьйна велла Къилбаседа Кавказехь 120 вахархо. Уггаре дукха бу дийнахь-буса COVID-19 шайца хилар тесташа билгалдаьккхина нах Краснодар-махкахь. Дийнахь-буса а, ун даьржичхьана схьа а цомгуш хиллачу къилбаседа-кавказхойн терахьаш иштта ду: Краснодар-мохк – керла + 99 (1 929... Читать дальше...