Лор а, дарбан хIусаман машелелорхо а велла Къилбаседа ХIирийчохь. Даьржина лелачу уьнан битамаш хилла цаьрца, амма тесташца билгалдаьккхина дац коронавирус кхетта уьш хилар. Ишта хаамбина "Кавказ.Реалиига" веллачу лоьран накъосташа а, медицинан орцан станцин белхахоша а. "Вовшех вирус кхетта хила тарло царна, цхьа де бен юкъа ца дулуш кхачийна уьш реанимаце: кху беттан 6-чу а, 7-чу а деношкахь", - элира ХIирийчоьнан могашаллин министраллерчу пресс-векалтан белхахочо. Коронавирус яьржичхьана схьа Къилбаседа ХIирийчохь велла 12 стаг. Читать дальше...
Пенсин фондан куьйгаллехь лаьттинчу Абдурашидов Омарехула тIемалошна 2018-чу шарахь 160 эзар сом хьажор толлуш зуьйш волчу, оцу муьрехь ХIинжа-ГIалахь полицин буьйранча Iийначу Ашиков Раипна коронавирус кхетта изоляторехь, хаамбина цуьнан адвоката Магомедова Сапията. Магомедовас бахарехь, дан ма-доггIу дарба дац Ашиковна деш. "Тхоьгахь болчу хаамца, изоляторерчу дарбан декъе дехьаваьккхина а вац иза. ХIун дарба дуьйцийла ду, изоляторехь массо а цамгарна дуьхьал цхьа аналгин бен луш а ца хилча? Изоляторехь карантин ю... Читать дальше...
Дагестанан прокуратурин информацица, коронавирус кхетта нах тобеш хьийзачу юкъанна шайца пехийн лазар гучудаьлла медикаш йиттина хIуманаш якъаечу чоьнаш чу бохкуш хилла Дербентерчу дарбан цIийнан инфекцин декъехь куьйгалхоша. Шина дийнахь кхаьбна медикаш иштачу хьелашкахь дарбадеш. "Кавказ.Реалиино" хьалха хаийтина ма-хиллара, оцу дарбан хIусамерчу гIоьнан чоьнаш чохь вирус лаьцна медикаш Iохкуш гойту видео яьржира Охан-баттахь. Харцо Iораяьлча талла долийра прокуратуро медикашна оьшшучу хьолехь дарбадеш цахилар. Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь цхьа стаг велла коронавирусах, цомгуш хилла – 518. Коронавирусна дуьхьалоечу Оперативан штабо далочу керлачу терахьашлахь цхьа стаг ву Оьрсийчохь беллачех Дагестанера. Верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь 118 вахархо. COVID-19 массанхьачул дукха хааелла дийнахь-буса Краснодар-махкахь – 98 стагехь. Краснодар-мохк +98 (1830 юьхьанца дуьйна) Дагестан +92 (2560) ГIебарта-Балкхаройчоь +79 (1168) Къилбаседа ХIирийчоь +69 (1505) Ставропол-мохк... Читать дальше...
Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро дехар хьажийна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Калиматов Махьмуд-Iелига коронавирусах долу махкара терахьаш билгалдахар доьхуш. Уьш цигахь кеп-кепара ду, чIагIдо Центро. Официало бахарехь, Стигалкъекъа-беттан 8-чу денна коронавирусах 28 стаг ву ГIалгIайчохь велларг. Амма и терахь бакъдоцчух тера ду, боху "Мемориало". ГIалгIайчоьнан контитуцин кхелан куьйгалхочо Гагиев Аюба далийначу терахьашна тIе а тевжаш, дина Центро и дIахьедар – Гагиевн информацица, 50 сов стаг велла коронавирусах махкахь. Читать дальше...
ТIедогIучу кIиранах дуьйна Нохчийчохь лагIбан болор бу коронавирусаца доьзна хIиттийна бехкамаш. Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь махкахь болхбан юьйлалур ю нехан хьашташка хьовсу кегий фирманаш. "ТIедогIучу кIиранах кегий фирманашка болх болабайта сацамбина ас. Йоьллур ю кегий туьканаш. Иза дIахаийтина вайн вешига, Соьлж-ГIалин мэре Хаджимурадов Iисага а", - аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "ВКонтакте" машанерчу агIонехула. Стигалкъекъа-беттан 8-чу денна COVID-19 шайца хилар билгалдаьлла ву Нохчийчохь 705 стаг. Читать дальше...
Къилбаседа Кавказера мухажираш чохь бехачу Венерчу пансионатехь коронавирус карийна. «Эдберган Ца» олучу оцу хусамехь веха тховкело йоьху 400 мухажир. Цигарчу 26 стагаца хааделла ун, царалахь ву пансионатан 4 белхахо а. COVID-9 дIаса ца яржийта йолчу Iалашонца, иза хаалушшехь, пансионатера мухIажираш кхечу меттигашка дасабаха сацам бина гIалин Iедало. "Дукхахберш Messe Wien центран гIишлонашка датарбина, кхиберш кхечу мухажирийн хусамашка хьовсийна, цомгуш хилларш дарбан хусамашкахь бу",– элира... Читать дальше...