ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь 31 стаг велла коронавирусан уьнах. 552 дархо билгалваьккхина инфекцица. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла 25 стаг, Къилбаседа ХIирийчохь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, Ставрополан кIоштахь - цхьаъ. Кавказан регионашкахь верриг а COVID-19 инфекцех велла 437 пациент . Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь- 126: Дагестанехь +126 (4 830 ву эпидемии яьржичхьана) Ставрополан кIоштахь... Читать дальше...
Де хьалха ГIалгIайчуьрчу Наьсаран кIоштарчу уггар а ницкъе йолчу динан организацин декъашхошна юкъахь герзаш деттар нисделла, яздо "Кавказ.Реалиис". "Болчу хаамашца, Сурхахи эвларчу бахархошна юкъахь дов иккхина динан буха тIехь. БатIалхьажойн кланера арабовла лаам хилла цхьаболчийн. Оцу тIехула эргIадбахначу тобанхоша герзаш а детташ, зуламе даьккхина дов", - дийцина "Интерфаксе" оцу хьолех хуучу метттигерчу вахархочо. Масех стагана чевнаш йина, уьш дарбан хIусамашка бигина. Инцидент талла йолийна, герз кхийсина нах лоьхуш бу. Читать дальше...
Кхаа дийнахь лагIделла а лаьттина, хIинца шолгIа де а ду Оьрсийчохь коронавирусан ун даьллачу нехан терахь кхуьуш долу, хааме даьккхина официалан статистикаца. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь пачхьалкхехь 8 952 стаг къаьстина COVID-19 вирус шеца хиларца. Дарба хилла 8 212 дархочунна. 181 стаг кхелхина. Пачхьалкхехь эпидеми яьржичхьана ун даьллера, официалан зерашца, 396 575 вахархочунна. Таханалерачу дийнахь вирус токхуш ву 224 551 стаг. ГIоле хилла 167 469 пациентана. Кхелхина 4 555 вахархо.
ВКонтактерчу шена пена тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина, туркойн гоьевллачу сериалашчуьра актераш шеца зIене а буьйлуш, маршалла хуьлда баьхна шега, довха дешнаш а олуш. Туркойчохь а, цул арахьа а дика евзачу кинош чохь дакъалаьцначу артисташна Эмре Учтэпэ Мухьаммадна а , Озчивит Буракна, Сёнмез Нуреттина а, Ал Джелялна а баркалла аьлла Кадыровс, церан Марханаш къобал а деш. Каладоккху, кху деношкахь прессехь тIечIагIъянза информаци яьржира, Кадыровна коронавирусан ун даьлла бохуш. Читать дальше...
ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Нохчийчохь коронавирусан уьнах дарба хилла 42 пациентана аьлла, дIахьедина республикан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. Махкарчу хаамийн гIирсаша яздо цунах. ""ТIаьххьара пIераскан суьйранна хиллачу брифингехь дийцина министро, лоьраша ун толлуш ду 5 443 вахархочуьнца. COVID-19 вирус къаьстина кхин а 18 стагаца. Эпидеми чуеачхьана 787 пациент дарбан хIусамашкара араваьккхина гIоле а хилла. Велла махкахь уьнах 13 стаг. Сулеймановс дIахьедина, 18 стаг чолхечу хьолехь хилар. Читать дальше...
Соьлж-ГIалара юкъара транспорт болхбан йолаелла. Стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь Нохчийчуьрчу транспортан министралло гIалин юкъарчу транспортан болх сацош бу, коронавирусан инфекци яржарца доьзна аьлла, дIахьедира. Карарчу беттан 18-чохь дуьйна цхьайолу юкъара транспорт юха а йолаелира. Ткъа Соьлж-ГIаларчу маршрутан таксин болх юкъахбаьккхира, пассажираша низамаш лардеш цахиларна. Беттан 27-чохь юха а магийра таксишна болх бан. "Кавказский узел" агенталле транспортан министраллан векало дийцина... Читать дальше...
Коронавирусан ун даьлла лазартнехь дарба лелийна Хьалха Мартанара йоккха стаг гIоле а хилла, цIа яхийтина, яздо ТАСС агенталло. Нохчийчуьрчу могушалла Iалашъяран министран инстаграмехь йоьдучу эфирехь дийцина цунах лаьцна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Лоьрашца къамел хиллера сан, маьIне дац боху цара воккха хилар а, жима хилар а, шен дегIаца кхин а сиркхонаш хилахь а, дарба хуьлу нахана боху цара. Хьалха Мартанара 100 шаре яьлла къано тоелла, дарбан цIийнера араяьккхина", - дIахьедина Кадыровс. Читать дальше...