Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Ноябрь
2018

Новости за 28.11.2018

Radiomarsho.com 

Губернаторна реза бац гIалгIазакхий

Мамедов Назим "Ставропол-мехкан бахархойн форум" дIаяьхьина Кавказан гIалгIазакхийн гоно, йийцарейина регионера проблемаш. Резолюци хьажийна президенте Путин Владимире а, губернаторе Владимиров Владимире а, мехкан парламентан спикере Ягубов Геннадийга а. Ставропол-махкахь проблемаш IаIарна бехке ву губернатор, аьлла ду резолюцин коьрта маьIна. Владимировс бен болх ца богIу Оьрсийчоьнан конституцица а, пачхьалкхарчу низамашца а, мехкан низамашца а, тешна бу гIалгIазакхий. "Халкъан губернатор" цIе йолу проект тIеийцира форумо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIай доза къуьйсуш Iашшехь, набахте хьажий Хазбиев Мохьмад

Конституцин кхело муха къастор ду нохчийн-гIалгIайн мехкийн доза, бохуш, нах Петарбухара хаам ларбеш Iачу юкъанна, кхо шо гергга хан а, доккха гIуда а тоьхна, Несарарчу кхело набахти кхачийна Хазбиев Мохьмадна.

Radiomarsho.com 

Gorilla компаница реклама ян барт бина Нурамагомедовс

UFC чемпионо Нурмагомедов Хьабиба кхаа шаранна лерина барт бина Gorilla энергетикан малар арахоьцучу компаница, хаам бо Sports.ru. Макгрегор Конорца леттачул тIаьхьа дуккха а компанеш яра шега цхьацца рекламан контракташ кхийдош, делахь а ша Gorilla хьаьржина, цо контрактана юкъа шен тобан латархой бахийтарна, аьлла Нурмагомедовс шен зорбанан конференцехь. Gorilla компанин векло Ким Игора дийцарехь, бинчу бартаца а догIуш, Нурмагомедовна лур ду кхаа шарахь цхьа миллион сов доллар.

Radiomarsho.com 

Президентан харжамийн шолгIа мур бу дIахьош Гуьржийчохь

Президентан харжамийн шолгIа мур бу дIахьош кхаарин дийнахь Гуьржийчохь. И дарж къовсуш ду Iедалехь йолчу "Гуьржийн сатийсам" партино гIортор еш йолу Зурабишвили Саломе а, оппозицин кандидат Вашадзе Григол а. Зурабишвили а, Вашадзе а ши а хилла ду Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран даржехь. Президентан харжамийн шолгIа мур тIекхочуш Дуьненаюкъарчу Transperancy International вовшахтохаралло дIахьедар динера, Зурабишвили толийта Iалашо йолуш, харц кехаташ ду кечдина махкахь дIасадоькъуш аьлла.

Radiomarsho.com 

Президентан харжамаш хир болу де билгалдаьккхина Украинехь

Украинин Лаккхарчу Радо тIечIагIдина рогIера президентан харжамаш хир болу де. Парламентан гIантдас Парубий Андрейс тIе куьг таIийначу документца а догIуш, кхаж тасар дIахьур ду 2019-чу шарахь Зазадоккху-беттан 31-чу дийнахь. Кхаарин дийнахь тIеэцначу цу сацамо гайтарехь, Украинин цхьайолчу кIошташкахь тIеман хьал кхайкхоро Iаткъам ца бина президентан харжамаш хир болу де харжарна. Уьш хир бу низамо билгалъяьккхинчу хенахь.

Radiomarsho.com 

Нохчийн-гIалгIайн дозанах болу къовсам листина Конституцин кхело

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело листина Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт мел богIу низамца, аьлла, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуровс чуделла дехар. ЛадегIаршка кхачаза бисира иттаннаш гIалгIайн жигархой. Царна хетарехь, Iедало дерриг а дира уьш кхелан процессе ца кхачийта. Кхеле нах чубуьтучу бюрона гергахь полицино лийцира карахь «Халкъан лаам бу низам» аьлла плакаташ долу нах. Мегаш доцчу меттехь некъ хадорна бехке бира уьш.

Radiomarsho.com 

Магасерчу кхело 2 шо 11 бутт хан тоьхна Хазбиевна

ГIалгIайчохь Магасан кIоштан кхело, 2 шо 11 бутт хан а тоьхна, чувоьллина меттигера оппозиционер Хазбиев Мохьмад. И хан цо токхур ю колонехь. Цул сов, Хазбиевна гIуда тоьхна 50 эзар сом барамехь. Жигархо бехке лаьрра ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке а, меттигерчу Iедалшка а, низамаш лардон органашка а неха цабезам кхолла гIертарна а, бакъо а йоцуш, шен хIусамехь герз латторна а. Хазбевс чIагIдарехь, иза хьийзош ву политикан бух болуш а, бакъонашларъярхо иза хиларна а.

Radiomarsho.com 

Некъахьовзамехь 9 шо долу йоI лазийна Нохчийчохь

Некъахьовзам хилла Гребенски эвлахь шинарин сарахь. Полицин хьасташа дийцарехь, 29 шо долчу меттигерчу вахархочо урхалла дон ВАЗ–21099 машен тIетоьхна 9 шо долчу жимачу йоIанна.   Лазийна йоI сихонца дIакхачийна хилла Шелковскойн кIоштан дарбанан хIусаме. Цигахь хьалхара лоьрийн гIо а дина, иза охьайиллина Соьлж-ГIаларчу номер 2 йолчу берийн клиникан дарбанан хIусаме. Хилларг бахьана долуш таллам бу дIахьош.

Radiomarsho.com 

Дов листина яьлла Конституцин кхел. Юкъахь доза доцуш буьтур бац вайнах

Оьрсийчоьнан конституцин кхело ладоьгIна гIалгIайн а, нохчийн а агIонашка. Тидаме эцна къовсаме девллачу латтанийн бакъ дайша – орстхоша – кхелехь дийцинарг. Къамелаш а, документаш а юьхьар а оьцуш, сацамбан хевшина кхелахой.      Евкуров Юнус-Бек вара шена дуьхьал махкарчу гуламхоша, церан лидерша айбина къовсам Оьрсийчоьнан конституцин кхеле листа чубелларг. Нохчийчоьнан парламентца а, куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а барт а бина,  ши бутт хьалха шина мехкан доза къастош, нохчашна дIаделлаЕвкуровс а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дозанан хаттар Оьрсийчоьнан Конституцин кхелехь къасторна шена эхь хета, боху нохчийн министро

Нохчийн-гIалгIайн доза билгалдоккхуш бина барт низамца хилар къастош кхеташо дIаяьхьира Оьрсийчоьнан Конституцин кхело Лахьанан-беттан 27-чу дийнахь. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а, зорбанан а, хаамийн а министр Умаров Джамболат. Хиллачу кхеташонна комментари еш, цо дIахьедар дина, шена эхь хета шина вежараллин къомана юкъахь цу тайпа къастор хиларна аьлла. Министро ша тешна ву боху, мостагIийн тIелетаршна хьалха вайнехан вежаралла тоьлур хиларх. Читать дальше...




Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан вахархочо мукъарло дина ша Шемахь тIом бина хиларх

Нохчийчоьнан Гуьмсерчу вахархочунна Солтамурадов Шамилна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх листа долийна Ростох Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан кхелехь. Иза бехке веш ву Шемахь терроран тобанан декъашхо хилла хиларна а, терроран тIелатарш дан Iемаш дешна хиларна а. "Кавказский узел" сайтан корреспонденто бинчу хаамца, Солтамурадовс мукъарло дина ша Шемахь тIом бина хиларх, амма цо тIе ца дитина ша цигахь терроран тIелатарш дан Iемаш дешна бохург.   Нагахь кхело и стаг бехке ларахь иза чуволла мегаш ву, 20 шаре кхаччалц хан а тоьхна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан вахархочо мукIарло дина ша Шемахь тIом бина хиларх

Нохчийчоьнан Гуьмсерчу вахархочунна Солтамурадов Шамилна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх листа долийна Ростох Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан кхелехь. Иза бехке веш ву Шемахь терроран тобанан декъашхо хилла хиларна а, терроран тIелатарш дан Iемаш дешна хиларна а. "Кавказский узел" сайтан корреспонденто бинчу хаамца, Солтамурадовс мукIарло дина ша Шемахь тIом бина хиларх, амма цо тIе ца дитина ша цигахь терроран тIелатарш дан Iемаш дешна бохург.   Нагахь кхело и стаг бехке ларахь иза чуволла мегаш ву, 20 шаре кхаччалц хан а тоьхна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Нана яла сан, ас эрна яйина хан"

Шен 62 шерах 33 набахтешкахь текхна Ганне Анатолийс. Набахтехь яьккхинчу хеначохь къуйн кхетамца ваьхна иза - доьзал а, хIусам а хила оьшуш а дац бохуш. Ткъа хIинца "пенсехь" ву иза: Москохарчу Терехово олучу эвлахь ваха охьахиъна иза. Къона зуда а ю цуьнан, репресси йинчу немцойх схьаваьллачу шен ден безамна Курт аьлла, цуьнан цIе тиллина, кIант а ву Анатолийн. Ша реза воллу дахар доладелла шен боху цо хIинца, амма Москохара Iедалш цуьнгара латта схьадаккха гIерта, ткъа Анатолий низамашца дуьхьал лаьтта царна. Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus