Добавить новость


World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Ноябрь
2018

Новости за 17.11.2018

Radiomarsho.com 

Прокуроро ши шо хан тохар дехна ХIинжа-ГIалахь журналистана тIелеттачу стагана

"Кавказский узел" порталан журналистана Махмудова ПатIиматна тIелатар дарна бехке вечу Касумов Каримана колонехь даккха ши шо хан тохар дехна прокуроро ХIинжа-гIаларчу кхелехь.   Инцидент хиллера коррупци лелорна дуьхьал ХIинжа-гIалахь дIахьочу митингехь стохка Мангалан-беттан 12-чохь. Прокуроро бинчу хаамца, Касумов бехке хилар буьззинчу барамехь тIечIагIдина бехктакхаман гIуллакхан материалашца а, хилларг гинчу наха диначу тоьшаллашца а. Оцу митингехь журналисташна болх бан новкъарло еш хиллера маситта жима стаг. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнца доза хьокъехь барт барна дуьхьал боламан ши хьалханча лаьцна ГIалгIайчохь

ГIалгIайчоьнан полицино лаьцна "ГIалгIайн къоман конгресс" шех олучу тобанан куьйгалхойх цхьаъ волу Погоров Ахьмад а, "ГIалгIайчоьнан гӀортор" боламан куьйгалхо Чемурзиев Барах а, хаам бо "Коммерсанто". Иза хилла Даьттах эвлана гергахь. Погоров а, Чемурзиев а цигахь шира кешнашкахь а, бIаьвнаш йолчу меттигашкахь а "субботник" дIаяхьа араваьлла хилла. Амма юьхьарлаьцнарг кхочушдан цу шинан аьтто ца баьлла. Iедалша цу шиммо лелориг питана лерина.   Цхьаболчу хаамашца, Погоров а, Чемурзиев а ГIалгIайчоьнан Соьлжан кIоштан полицин декъехь ву.

Radiomarsho.com 

Дозанах хаттар толлуш Кадыров а, Евкуров а кхайкхина Конституцин кхеле

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь доза къасторах лаьцна хаттар дийцаре деш дакъалаца кхайкхина Оьрсийчоьнан Конституцин кхело Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а. Цунах лаьцна хаам бо РБК-но, кхелан зорбанан сервисна тIе а тевжаш. ЛадогIаршка иштта кхайкхина бу Нохчийчоьнан парламентан декъашхой а, Госдуман а, Федерацин Кхеташонан а, Оьрсийчоьнан президентан а, ГIалгIайчоьнан конституцин кхелан а, Оьрсийчоьнан Инарлин прокуратуран а, Юстицин министраллан а векалш а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоь минех цIанъяр чекхдоккхур ду 2021-чу шарахь

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а территореш минех цIанйечу эскархоша чекхбоккхур бу и шайн болх кхо шо даьлча. Цунах лаьцна шотдийнахь дIахьедар дина Къилбан тIеман гонан (ЮВО) инженерин эскаран хьаькамо инарла-майоро Нестеренко Александра, хаам бо ТАСС агенталло. Инарло дийцарехь, лелхачу хIуманех цIандаза дисина ду Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а тIекхача хала долчу меттигашкахь 6 эзар гектар латта.    Хьалхо Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, латтанаш минех цIандар карара бутт берззалц дахдина Нохчийчохь, маьлхан денош латтарна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кхиазхо валарна лоьрашна кхел йийр ю Нохчийчохь

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхалло бехктакхаман гIуллакх долийна 13 шо долу кIант валарца доьзна. Талламхошна хетарехь, и кIант кхалхарна бехке хила мега, оьшуш ма хиллара шайн белхан декхарш кхочуш ца дина лоьраш. Талламхойн версица, Соьлжан кIоштара Побединскерчу вахархочо лоьрашка шозза гIо дехна хилла, шен 13 шо долчу кIанта, вуно чIогIа букъ лозу шен аьлла, латкъам бича. Сихонан гIо эцна баьхкинчу лоьраша шоззе а хьалхара олу гIо дина кIантана, амма дарбанан хIусаме охьа ца виллина цара дархо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Убарийн ловзарна юкъара дIадоккхур ду Нохчийчоьнах лаьцна дакъа

Vampire: The Masquerade ловзаран долахоша хийцамаш бийр бу цуьнан чулацамехь. Иза кхочуш дина White Wolf (КIайн борз) студи долахь йолчу Швецерчу Paradox Interactive компанино кхушеран Лахьанан-баттахь араяьллачу цуьнан керлачу версина юкъара дIадоккхур ду Нохчийчоьнах лаьцна дакъа, яздо "Коммерсанто". Цу кепара шаьш гIалат далийтарна къинтIера довлар дехна Paradox Interactive компанин вице-президенто Шамс Йоржанис. "Коммерсанто" яздарехь, цу ловзаран сценарехь дуьйцуш ду Нохчийчоьнна урхалла деш убарийн шира тоба хиларх лаьцна... Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus