Нохчийчоь минех цIанъяр чекхдоккхур ду 2021-чу шарахь
Инарло дийцарехь, лелхачу хIуманех цIандаза дисина ду Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а тIекхача хала долчу меттигашкахь 6 эзар гектар латта.
Хьалхо Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, латтанаш минех цIандар карара бутт берззалц дахдина Нохчийчохь, маьлхан денош латтарна. Ткъа ГIалгIайчохь хьалхара ло охьадилларца берзийна белхаш.