Прокуроро ши шо хан тохар дехна ХIинжа-ГIалахь журналистана тIелеттачу стагана
Инцидент хиллера коррупци лелорна дуьхьал ХIинжа-гIалахь дIахьочу митингехь стохка Мангалан-беттан 12-чохь. Прокуроро бинчу хаамца, Касумов бехке хилар буьззинчу барамехь тIечIагIдина бехктакхаман гIуллакхан материалашца а, хилларг гинчу наха диначу тоьшаллашца а.
Оцу митингехь журналисташна болх бан новкъарло еш хиллера маситта жима стаг. Цу хьокъехь полице латкъам бинера "Черновик" газетан корреспонденташа а. Амма церан дехар жоп доцуш дисира.
Касумовс шен тIеххьара дош эр ду суьдехь Лахьанан-беттан 19-чохь.