Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Ноябрь
2018

Новости за 16.11.2018

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь хан кхайкхийна полисхочунна кхаъ бала гIоьртинчу стагана

Полисхочунна кхаъ бала гIоьртинчу стагана кхел йина Соьлж-ГIалан Октябран кIоштарчу суьдо. Талламхойн версица, полисхочо таллам беш Махьмуд цIе йолчу стагехь карийна хилла кIомал. Ша дIавохуьйтург ахча дала гIоьртина иза Iедалан векална. Полисхочо ахча схьа ца эцна, амма оцу меттигехь лаьцна зуламхо. Суьдхочо арахь яккха цхьа шо хан кхайкхийна Махьмудана, ша динчунна иза дохковалар тидаме а эцна.

Radiomarsho.com 

Дериспаскан заводашкара машенаш эца 2 миллиард сом лур ду Iедало Росгвардина

Оьрсийчоьнан Iедало пачхьалкхан тIаьхьалонан фондера 2 миллиард сом дала сацам бина Росгвардина, Iамеркан санкцешна кIеллахь волчу миллиардеран Дерипаска Олеган доларчу заводаш йина машенаш эца. Контракташ йийр ю "Урал" а, Арзамасера АМЗ заводашца. Уьш кхочуш еш Росгвардино эца езар ю 600 лаккхара лелар долу машенаш, шайна юкъахь "Тигр" гIагI диллина машенаш а йолуш. Цу гIуллакхо болх лур бу Дериспаскан долахь йолчу "Газ" а, "Оьрсийн машенаш" а компанийн тобана юкъарчу "Урал" а, "Арзамасский машиностроительный завод" а компанешна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Алтайхь балхара дIаваьккхина заьIапхочунна йиттина ши полисхо

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахочуьнан сий а, ларам а байарна, Iасанашца хиллачу стагана йиттина полицин 2 белхахо балхара дIаваьккхина Алтайн махкахь. Цунах лаьцна дуьйцуш ду цу министраллан сайта тIехь. ЗаьIапхочунна етташ хьоьжуш лаьттинчу кхоалгIачу полисхочунна таIзар дина. Иза варе веш буьззинчу барамехь цу балхах хила хьакъ долуш ца хиларна. Кхаарин дийнахь социалан машанашкахь видео гучуяьллера, полисхоша буйнаш а, мийраш а биттина, Iасанашца волу стаг некъан йисте текхош яьккхина йолу. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Владикавказехь йогуш ю "Викалина" туька

Уггаре яккхийчерах йолу "Викалина" туька ю йогуш Владикавказехь. ЦIеяьлларг ю машенийн меженаш латтон контейнер. Кавказ.Реалиино дийцарехь, йогучу майданан барам бу 200 еакIов метр. ЦIе дIайойуш дакъалоцуш ву 69 стаг а, 19 цIе йойу машен а, кхин йолу техника а. Кхин лазийна-вийна стаг ву аьлла хаам бац.

Radiomarsho.com 

Достоевскийн "Братья Карамазовы" роман ца магийна Кувейтехь

Кувейтан Iедалша ца магийначу литературина юкъатоьхна эзар сов книга. Царна юкъахь ю Достоевскийн "Вежарий КарамазовгIар" (Братья Карамазовы) цIе йолу роман. Цунах лаьцна хаам бина The Guardian. Йихкина литература юкъатоха езаш яра книгин фестивалан программина, амма уьш чекх ца евлла цензурах. The Guardian-о яздарехь, тIаьхьарчу 5 шарахь Кувейтан Iедалша ца магийна 4 эзар гергга книга, шайна юкъахь ХIюго Викторан роман "Парижера Марьяман килс" (Notre-Dame de Paris) а, Маркес Гарсия Габриэлан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан Iедалша кхеле лур бу Vampire: The Masquerade ловзаран авторш

Нохчийчоь вочу агIор гойтуш юкъадаьккхинчу Vampire: The Masquerade ловзаран авторш кхеле озо дагахь ду республикера Iедалш. Цунах лаьцна дIахьедар дина нохчийн къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а министро Умаров Джамболата. Ловзар дагадеанарг а, кхочушдинарг а ю Швецера Paradox Interactive компани. Карарчу хенахь цуьнан чулацам толлуш ду шаьш, аьлла хаам бина цуьнан векало ТАСС агенталле. Vampire: The Masquerade ловзаран керла верси арахецна кхушара Лахьанан-бутт болалуш. "Коммерсанто" яздарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Евкуровс кхочушбийр бу Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан сацам

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека хаам бина, Нохчийчоьнан дозанца боьзна муьлхха а Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан сацам кхочушбийр буш ша аьлла. Нохч-гIалгIайн дозанца доьзна хаттар федералан Конституцин кхело толлур ду кху беттан 27-чу дийнахь. Евкуровс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а шина республикан доза билгалдоккхуш барт бира кхушара Гезгмашин-беттан 26-чу дийнахь. Цуьнца а догIуш, шина республикан цхьаьтерра йолу территори хийцинера цу шимма. Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан... Читать дальше...


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus