Достоевскийн "Братья Карамазовы" роман ца магийна Кувейтехь
Йихкина литература юкъатоха езаш яра книгин фестивалан программина, амма уьш чекх ца евлла цензурах.
The Guardian-о яздарехь, тIаьхьарчу 5 шарахь Кувейтан Iедалша ца магийна 4 эзар гергга книга, шайна юкъахь ХIюго Викторан роман "Парижера Марьяман килс" (Notre-Dame de Paris) а, Маркес Гарсия Габриэлан "Цхьаллан эзар шо" (One Hundred Years of Solitude) а йолуш.
Ца магийна литература билгалйоккхуш болх беш ю Кувейтан хаамийн министралло кхоьллина леррина комитет. Цуьнан декъашхоша шайн балхана бухе диллина ду 2006-чу шарахь тIеэцна долу литературан а, журналистийн а материалех лаьцна низам. И низам дохийна лоруш ду, ислам а, Кувейтан кхелан система а сийсаз йина меттиг нислахь а, къоман кхерамазаллин кхераме материалаш хилахь а, ткъа иштта къепедацаршка кхайкхар а, оьзда доцу хIуманаш лелор а.
Меттигерчу жигархоша шозза митингаш йина Кувейтехь махкахь цензура чIагIъярна дуьхьал.