Президентан харжамийн шолгIа мур бу дIахьош Гуьржийчохь
Зурабишвили а, Вашадзе а ши а хилла ду Гуьржийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран даржехь.
Президентан харжамийн шолгIа мур тIекхочуш Дуьненаюкъарчу Transperancy International вовшахтохаралло дIахьедар динера, Зурабишвили толийта Iалашо йолуш, харц кехаташ ду кечдина махкахь дIасадоькъуш аьлла.