Дозанан хаттар Оьрсийчоьнан Конституцин кхелехь къасторна шена эхь хета, боху нохчийн министро
Хиллачу кхеташонна комментари еш, цо дIахьедар дина, шена эхь хета шина вежараллин къомана юкъахь цу тайпа къастор хиларна аьлла. Министро ша тешна ву боху, мостагIийн тIелетаршна хьалха вайнехан вежаралла тоьлур хиларх.
Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан зорбанан сервисо бинчу хаамца, нохчийн а, гIалгIайн а дозанца доьзначу хаттарехула дина жамI довзуьйтур ду кхо кIира далале.