26 миллиардеран бу 3,8 миллиард адаман болччул бахам
Цунах лаьцна дуьйцуш ду Швейцарерчу Давосехь дIайолалуш йолчу экономикан форумна хьажийна Британерчу Oxfam гIо-накъосталлан вовшахтохаралло кечдинчу дIахаийтарехь.
Цхьа шо хьалха цу хьокъехь вуьйцург вара 43 миллиардер. Хийцалучу сурто гойтург ду уггаре хьал долчу а, уггаре кIелла ловчу а бахархошна юкъара херо шорлуш хилар.
Oxfam-о дийцарехь, бехачу нехан хьал дIадаханчу цхьана шарахь алсамдаьлла 900 миллиард долларна. Ткъа миллиардерийн терахь совдаьлла 12 процентана.
Карарчу хенахь кху дуьнентIехь вехаш ву 2208 миллиардер.