Добавить новость
World News in Chechen
Ria.city


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2019

Новости за 21.01.2019

Radiomarsho.com 

Газах декхар дитийта гIертачу Нохчийчуьрчу Iедалшна жоп делла Кремло

Газах дIадаланза дисина декхар дита аьлла Нохчийчуьрча Iедалша бинчу кхайкхамна жоп делла Кремлан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Иза вуно хала хаттар ду аьлла хета цунна. Песковс цу хьокъехь тидам тIебахийтина, и ахча схьадогIур хиларе сатуьйсуш йолчу "Газпромана" хетачунна. Маршо Радионо хьалхо яздина ма хиллара, халкъ гIаттарна кхоьруш, Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан кхело "Газпром межрегионгаз Грозный" организаци декхаре йина хиларх махкахошна тIера коммуналан йолах долу 9 миллиард сом тIерадаккха. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан министр: "ТIейогIучу хенахь паспорт оьшур ду интернетах пайда эца"

Оьрсийчоьнан културан министро Мединский Владимира дIахьедар дина, тIейогIучу хенахь интернетах пайда эца паспорт оьшур ду аьлла. Иза цхьа а шеко йоцуш хир долуш хIума ду, билгалдаьккхина цо, хаам бо ТАСС агенталло. Мединскийс дийцарехь, интернет паспортца лелор Оьрсийчохь хилла ца Iаш дерриг а дуьнентIехь хир ду. Цу кепара цо жоп делла, авторан кино йоккхучу наха шайн кхолларалла интернетехула яржорах ца кхоьру хьо, Iедалан фестивалашка дехарш а ца деш аьлла шега хаттар дича. Мединскийс чIагIдарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Украинин хилла президент: Оьрсийчоьнан бахархошна деза лолла

Оьрсийчуьра бахархой бахалуш бац демократин хьелашкахь, шайна леш хилар деарна, дIахьедар дина Украинин хиллачу президенто Ющенко Виктора. Шайн амалца бу уьш иштта. Оьрсийчоьнан махкахошна деза лолла, паччахь веза царна, уьш демократина тIегIерташ бац", - дIахьедар дина политико "112 Украина" телеканалан эфирехь. Оцу контекстехь Ющенкос хьахийна Советан заманера оьрсийн яздархочо Толстой Алексейс аьлларг. Толстойс олуш хилла Оьрсийчоь шина тайпа пачхьалкх хиларх лаьцна – Киеван Русь а, Тайган Русь а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан 3 эскархо вийна Абхазехь

Йозуш йоцу пачхьалкх ю ша аьлла дIакхайкхийначу Абхазехь марш еш белла Оьрсийчоьнан эскархой. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", Къилбан тIеман гонан зорбанан сервисна тIе а тевжаш. Болчу хаамца, Оьрсийчоьнан эскаран дакъа дIатардинчу метте йоьдучу тIеман техникан коврана юкъара цхьа БТР Iинах яхна. И бахьана долуш, цу чохь хилла 3 эскархо вийна, кхин а 2 чевнаш хилла ву. ТIеман гонан комиссино толлуш ю коьрта 2 верси - БТР техникан кхачамбацар долуш хилла хилар а, цу чохь хиллачу эскархоша гIалат далийтина хилар а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

26 миллиардеран бу 3,8 миллиард адаман болччул бахам

Дуьненерчу уггаре хьал долчу 26 стеган бахам дIанисбелла кху дуьнентIехь дехачу эханан адамийн - 3 миллиард 800 миллион - кIелла хьоьгучу бахархойн болчу бахамца. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Швейцарерчу Давосехь дIайолалуш йолчу экономикан форумна хьажийна Британерчу Oxfam гIо-накъосталлан вовшахтохаралло кечдинчу дIахаийтарехь. Цхьа шо хьалха цу хьокъехь вуьйцург вара 43 миллиардер. Хийцалучу сурто гойтург ду уггаре хьал долчу а, уггаре кIелла ловчу а бахархошна юкъара херо шорлуш хилар. Oxfam-о дийцарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Картанашна тIехь ГIирма Оьрсийчоьнан хилар ца гайтахь гIуда тухур ду

Оьрсийчохь керла низам юкъадоккхуш ду картанашна тIехь цу пачхьалкхан территори, шена юкъахь ГIирма а йолуш, нийса ца гайтинчу нахана таIзар дар хьокъехь. Цунах лаьцна "Известия" газете хаам бина Федерацин Кхеташонан арахьарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан декъашхошо Цеков Сергейс. Цо дийцарехь, цу хьокъехь долчу низаман проект йийцаре йийр ю гергарчу 3 баттахь. Карарчу хенахь Оьрсийчохь цхьа а таIзар деш дац пачхьалкхан дозанаш нийса ца гайтарна. Амма географин объектийн цIерш нийса ца язъяхь бакъо ю 3 эзар сом гIуда тоха.

Radiomarsho.com 

Долахочуьнан "прописка" йолчу меттигехь а бен машенна номерш лур яц Оьрсийчохь

Оьрсийчоьнан транспортан полици (ГИБДД) номерш яхийта декхарелахь бан дагахь ю машенийн долахой цара "прописка" йинчу меттигехь. И кеп болх бан йолалур ю кхушара Марсхьокху-беттан 4-чохь дуьйна, хаам бо "Коммерсант" газето. Цо яздарехь, пачхьалкхан автоинспекци юхаерза дагахь ю машенан номеран код а, цуьнан долахочуьнан прописка йолчу регионан код а цхьатерра хилийтаран кепана. Цундела 2019-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна бахархойн дезар ду шайн машенашна регистраци яйта, шайн регистраци йолчу меттигехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнна санна шайна декхар дитар доьху Оьрсийчоьнан регионашкарчу депутаташа

Оьрсийчоьнан цхьамогIа регионийн депутаташа прокуратуре кехаташ яздина, Нохчийчохь санна шайн бахархошна а газах гулделла декхар дитар доьхуш. Цунах лаьцна хаам бо "Коммерсантъ" газето. Цу тайпа кехаташ яздина низамаш лардечу органашка Чувашехь а, Башкирехь а, Красноярскехь а, Астраханан а, Ростохан а, Курскан а, Свердлован а, Смоленскан а кIошташкахь. И дехар дан бахьана даьлла Соьлж-ГIаларчу кхело "Газпром межрегионгаз" компани декхарелахь йиначул тIаьхьа, Нохчийчуьрчу бахархошна тIехь долу 9 миллиард сом декхар чоьтера дIадаккха. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Васильев: Нохчийчоьнца доза къайлаха доцуш къастор ду  

Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира хаам бина цу республикан Нохчийчоьнца долчу дозанан хьокъехь. Цо дийцарехь, шина республикан административан дозанаш билгалдахар рогIе диллинчу хаттарех ду. Дерриг а хаттарш къайла доцуш дийцаре дийр ду, ткъа эххаре бина сацам тIеоьцур бу шина республикан парламенташ, аьлла Дагестанан куьйгалхочо, меттигерчу ННТ телеканалана ша еллачу интервьюхь.


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus