Долахочуьнан "прописка" йолчу меттигехь а бен машенна номерш лур яц Оьрсийчохь
Цо яздарехь, пачхьалкхан автоинспекци юхаерза дагахь ю машенан номеран код а, цуьнан долахочуьнан прописка йолчу регионан код а цхьатерра хилийтаран кепана. Цундела 2019-чу шеран Марсхьокху-баттахь дуьйна бахархойн дезар ду шайн машенашна регистраци яйта, шайн регистраци йолчу меттигехь.
Оьрсийчоьнан Iедало цу сацаман проектан чулацам буьйцуш кечдинчу кехаташна тIехь и хийцамаш бар бахьанаш кхетош дац.