Добавить новость
World News in Chechen


Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Немцойн министро Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш дIаяха еза аьлла

Мюнхенерчу Дуьненаюкъарчу кхерамазаллин конференцехь скандале дIахьедар дина Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Габриэл Зигмара. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраца Лавров Сергейца шен конференцин кхерчахь хиллачу цхьаьнакхетарехь цо аьлла, жим-жима йохуш дIаяха йолон еза Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш.


Габриэлна хетарехь, иза дан долон деза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллин машарбаран эскарш Донбасс регионе хьовсийначул тIаьхьа. Дуьненаюкъара машарбаран эскарш Украинан малхбале хьовсоре даханчу шарахь кхайкхам бинарг вара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир.


ПIераскан дийнахь, Мюнхенерчу кхерамазаллан конференцин хьалхарчу дийнахь, рапорташца бистхуьлучара ирчу критике йира Оьрсийчоь а, цуьнан политика. Малхбалерчу Украинехь кхолладеллачу хьолехь Кремлан рол а, Малхбузерчу пачхьалкхашкахь дIахьочу харжамашна оьрсийн хакерша беш болу тIеIаткъам а, Кремлана гергара позицеш интернетехь яржочу троллаш лелош долу питанаш а дийцаре дира цара.


Цу хьолехь Германин арахьарчу гIуллакхийн министро дина дIахьедар конференцехь гулбелларш цецбохуш дара.


Габриэл Зигмар немцойн Социал-демократийн цIарах министран даржехь ву. Цу партера ву Путин Владимиран доттагI, Германин канцлер хилла волу Шредер Герхард а. Габриэл ша а ву Шредерца а, Путинца а доттагIаллин уьйраш лелош.


Мюнхенера кхерамазаллан конференци хIора шарахь Чиллан - баттахь дIахьош ю. ПIераскан дийнахь йолаелла иза кIирандийне кхаччалц дIаяхлур ю.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.


Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media










Топ новостей на этот час

Rss.plus