Терроризм а, экстремизм а бакъярна, колонехь даккха 6 шо хан а тоьхна, чуйоьллина йолу Краснодаран махкара жигархо Полюдова Дарья декъашхо хилла кхин а цхьана бехктакхаман гIуллакхехула, хаам бо Кавказ.Реалиино. ХIинца цунна бехке дуьллуш ду "Левое сопротивление" (Аьррохьара дуьхьало) экстремистийн юкъаралла кхоллар. Иза латтош ю Москварчу "СИЗО № 6" талламан изоляторехь. Цуьнан адвоката Соловьев Леонида дийцарехь, Полюдова цкъачунна бехкехетачун статусехь ю. Иза ду, экстремистийн юкъарло кхолларна цкъачунна цуьнга бехк кховдийна бац, бохург. Читать дальше...
Нохчийчохь Гуьмсерчу кхело бехке лаьрра меттигера вахархо Саиев Адам, экстремистийн материалаш яржийна аьлла, цо "ВКонтакте" бардан Муцураев Тимуран йиш дIахIотторна. Оцу социалан машанехь "Аудиозаписи" декъехь шен агIонехь цо дIахIоттийна хилла "Хадис Пророка" (Пайхамаран хьадис) цIе йолу Муцураевн йиш. Цуьнца цхьаьна экстремистийн материалийн тептарехь и цIе йолуш йиш яц. Саиев бехке веш Гуьмсерчу кхело юьхьарлаьцнарг бу Ростов (Ростов-на-Дону)сгIалан Первомайски кIоштан суьдо бина сацам. Ткъа оцу сацамехь экстремизман лерина а... Читать дальше...
Бельгерчу Антрверпен гIалахь шоьта дийнахь хиллачу цхьаьнакхетарехь гайта йолийна Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш даьхначу, амма шуьйра зорбанехь хилла доцучу суьртийн архиван цхьа дакъа. И мероприяти хьажийна яра Нохчийчохь тIом болабелла 27-хь шо кхачарна. Къобалйина йочу Нохчий Республика – Ичкерин Австрехь йолчу векло Дунаев Розас дийцарехь, цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара 20-х стаг, коьртачу декъана Австехь а, Швейцарехь а, Бельгехь а беха нохчий, яздо Кавказ.Реалиино. Цигахь гайтира тIом боьдуш даьхна... Читать дальше...