Кадыров Ахматан цIарахчу полке гIуллакх дан 100 къона эскархо хьажийна Нохчийчуьра гуьйранна арме бигинчу салтех. Уьш бу Нохчийчоьнан тайп-тайпанчу гIаланашкара а, ярташкара а бахархой, хаам бо Кавказ.Реалиино, "Грозный Информ" агенталлана тIе а тевжаш. Болчу хаамца, эскархочун сийлаллин клубехь полкан эпсарша "дийцина къона салташна полкан исторех а, ламастех а, эскархочун гIуллакх даран къепах а лаьцна". Керла бIаьхой Iаморан дакъошкахь чекхбовла безаш бу юкъараэскаран кечаман курсах, ткъа цул тIаьхьа цара йийр ю бIаьхочун чIаго. Читать дальше...
Орсийьнан ФСБ-но дIахьедина, талламан-диверсин гIуллакх деш хилла, Украинин кхо махкахо лаьцна шаьш аьлла, хаам бо Свобода Радионо. Оьрсийчоьнан лерринчу сервисан сайта тIехь болчу хаамехь дуьйцуш ду, лаьцначех шиъ Украинин Кхерамазаллин сервисан агент ву аьлла. Цаьршимма, чIагIдарехь, хаамаш гулбеш хилла стратегин объектех лаьцна. КхоалгIа ву тIеман министраллмн талламан Коьртачу урхаллан белхахо. ФСБ-но дийцарехь, иза теракт кечйеш хилла. Оьрсийчоьнан лерринчу сервисо чIагIдо, Украинин махкахой къера хилла шаьш бехке хиларна, бохуш. Читать дальше...
Къоман компьютеран корпорацина юкъахь йолу "Аквариус" тобано а, "Лаборатория Касперского" компанино а смартфон кхоьллина тIеман а, лерринчу сервисийн а хьашташна. Цунах лаьцна хаам бо Свобода Радионо, "Коммерсант" газетана тIе а тевжаш. Гаджет болх беш ю "Лаборатория Касперского" компанино кечйинчу KasperskyOS операцин системехь. Иза тIетесна яц глобалан интернетана, амма, цунах пайда а оьцуш, схьаелла аьтто бу корпоративан сервисашна ларлочу рожехь IP-хоттарца. "Аквариус" тоба сатесна ю шаьш... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Дагестанерчу урхалло теллина чекхдаьккхина Гуниб эвлан депутатана дуьхьал долийна хилла бехктакхаман гIуллакх. Цуьнан цIе йоккхуш яц. Депутат бехке веш ву наркотикаш лелорна. Талламан версица, кхушара Товбец-беттан 27-хь депутатан машен сацийна хиллера Чох-Коммуна-Гуниб некъахула йогIуш. Депутатан дегIах хьожуш цуьнан хечин киснахь карийнера "боккхачу барамехь наркотик йолу орамат "каннибас" кIомал". Карарчу хенахь гIуллакх дIаделла кхеле. Ростов гIалин Первомайски... Читать дальше...
РИА Новости агенталлана интервью луш Беларусин президента Лукашенко Александара дIахьедар дина, Евробартана юкъайогIучу пачхьалкхийн Беларусица долчу дозанашка мухIажарш кхоьхьучарна юкъахь бара Оьрсийчоьнан бахархой, шайна юкъахь нохчий а болуш аьлла. Оьрсийчоьнан пачхьалкхан телевизионехь программаш дIахьуш волчу Киселев Дмитрийца къамел деш цо элира: "Оцу наха долахь машенаш йолу нах лоьцу, 350 километр, 300, уьш дIакхочу Бресте а, Гродно а дозане. Долахь йолу компанеш, таккха такси, автобусаш... Читать дальше...