Швецин телегойтийлина евзина Европан Цхьаьнакхетараллин иччархоша гулйина къайлаха информаци – цо хоуьйту, мила ву Европера нохчий байъа киллерш арабохучарна тIехьа лаьтташ. Цхьана декъанна сюжето дуьйцу 2020 шеран Чиллан-баттахь нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона Евле гIалахь дина тIелатар талларх лаьцна. Журналисташа хоуьйту Швецерчу къайлахчу сервисаша нохчочунна кIелоярх долу жоьпалла президентанна Путинна тIедожош хилар. Оьрсийчоьнан официалан векалша тIе ца битина и бехк. Журналисташа динчу жамIаца... Читать дальше...
Amnesty International дуьненаюкъарчу бакъонаш ларйон вовшахтохаралло дехар дина Оьрсийчоьнан Iедалшка "гIалгIайн гIуллакхехула", цуьнан фигуранташ дIахецахьара, 2018-2019-чу шерашкахь дуьхьалонан акцешкахь дакъалаьцна болу уьш жоьпе озийна административан а, криминалан гIуллакхаш юха а таллий, аьлла. Кхин а бакъонашларъярхоша рекомендаци елла ГIалгIайчоьнан а, Оьрсийчоьнан кхечу регионийн а бахархошна машаран дуьхьалонан акцеш ян йолу бакъо кхочуш яхьара аьлла. "И цара динарг шен чулацамехь шайн маьрша гуламаш бан а... Читать дальше...
Оьрсийчоьнан юстицин министралло Зорбан гIирсаш-"арахьара агенташ" (СМИ-"иностранных агенты") реестрна юкъатоьхна Idel.Реалии проектца болх бина виъ журналист: Григорьева Алина а, Григорьев Андрей а, Гималова Регина а, Хисамова Регина, хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо. Цул сов, Коммерцица йоьзна йоцу вовшахтохараллаш-"арахьара агенташ" (НКО-"иностранных агенты" ) реестрна юкъатоьхна "Гражданин. Армия. Право" вовшахтохаралла, иза гIо деш ю арме буьгучу кегийрхошна а, эскархошна а. Верриг а... Читать дальше...
ГIадужу-баттахь Оьрсийчохь велла 74 893 стаг, уьш берш бара коронавирусан COVID-19 ун хьакхаделла, хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо, Росстатан гайтамашна тIе а тевжаш. ЧIагIдарехь, 5018 стаг велла вирус кхетаро Iаткъа ца биннашехь. Цхьана баттахь COVID-19 вирусах беллачийн официалан терахь а, ун кхеттачех юкъара бахьанашца адамаш даларан терахь а уггар доккха ду пандемия йолаелчхьана дуьйна. Хьалхара оофициалан баларийн терахьан максимум билгал йинера 2021-чу шеран Товбеца-баттахь. Оцу цхьана... Читать дальше...
Радио Свобода-н Белорусийн серсисан социалан машанашкара аккаунташ, шайна юкъахь Telegram а, YouTube а йолуш, экстремизман лаьрра Беларусехь. ЧIагIадарехь, кхело оцу кепара сацам бина, мехкан МВД-н леррина барт болчу зуламаллаца къийсам латторан Коьртачу урхалло кечйина материалаш бухе а ехкина. "Оцу кепара, Беларусин юкъараллин-политикан бозуш боцучу зорбан гIирсийн телеграм-каналаш лаьрра Лукашенкон режимо эстремистийн. Вайн тешаш а хилла дIахIиттина Iедалша, цкъа а ца хиллачу кепара, тIелетар дина хиларна дешан маршонна а... Читать дальше...