2006-чу шарахь Оьрсийчоьнан ФСБ-н хилла белхахо Литвиненко Александр верах жоьпалла Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнна тIехь хилар тIечIагIдина. Литвиненкон хIусамнанна 100 эзар евро компенсаци яла декхарелахь йина Оьрсийчоь
1997-чу шарахь хаьржина Нохчийчоьнан президент Масхадов Аслан вина 70 шо кхочу тахана. Маршо Радионо карладоккху цуьнца тIаьххьара хилла къамел, къоман иэсехь дисна цуьнан аз а хозуьйтуш
2006-чу шарахь къайлахчу сервисийн эпсар Литвиненко Александр верах жоьпалла Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнна тIехь хилар къобалдина. Шинарин дийнахь зорбане баьккхинчу сацамтIехь яздарца, 2006-чу шарахь Британехь радиоактиван полоний олу дIовш а малийна, Ливиненко верна Оьрсийчоь ю жоьпалле. Кхело динчу хьесапца, Оьрсийчоьнан Iедалхойн агенташ санна лелла Луговой Андрей а, Ковтун Дмитрий а, хетарехь, бехке ву Литвиненко верна. Литвиненко Александрах йисинчу Картер-Литвиненко... Читать дальше...
Дукха а ду нохчашна эсехь диса язделларг. Дицлур доцчех ду президент вер шена сийлалле дуьллуш, "Ас нохчийн зударшна совгIатдина, вийна Масхадов" аьлла, Дуьненаюкъарчу Зударийн Дийнахь Оьрсийчоьнан Нохчийчуьрчу куьйгалхочо кхоьссина дозалла а. Массех урхалхо лаьттира Нохчийчохь, цо ша-шех йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийначу шерашкахь. Массех вара президент хоржучу шина харжамашкахь дарж къовсуш а. Масхадов Аслан массо а президенташлахь адамаллица, нахаца ийна хиларца къаьсташ вара олу дукхаъчара. Читать дальше...
Пермерчу пачхьалкхан университетехь герзаца динчу тIелатарехь лазийначу 20 стагах исс чолхечу хьолехь ву, яздо Свобода Радионо. Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министро Мурашко Михаила "Россия-24" телеканалан эфирехь Iораяьккхинчу информацица, дера чевнаш йолчарна дарба лелор ду Перман кIоштан дарбан цIийнехь. БарххIе а дархочунна амбулаторехь лоьрийн гIо кхачийна, царех шиъ дуьхьал хилла дарбан хIусаме охьавижа. Оршотан Iуьйранна юридикан факультетанстуденто герз диттинера Перман пачхьалкхан университетан цхьахйолчу корпус чохь. Читать дальше...
Евробертан пачхьалкхаша а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Британино а тIе ца дуьту аннекси йинчу ГIирман территори тIехь Оьрсийчоьнан Думе боьлхучийн хиллачу харжамийн жамIаш а, ша кхажтасаран процесс а. ЕС-н арахьарчу политикан урхаллийн а, Британин а, Американ дIахьедаршкахь яздо цунах лаьцна. Царна тIехь билгалдоккху, дуьненан юкъаралло ГIирма Украинан территори лоруш хилар. Евробератн арахьарчу политикан урхаллан дIахьедарехь емалдо Оьрсийчоьнан сепаратистийн контролехь йолчу Украинан Донецкан а... Читать дальше...